ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Соьлж-ГIалахь полисхочун тIелеттачу Барзаев Ахьмадах дIакъаьстина цуьнан да


Архивера сурт.
Архивера сурт.

Манагалан-беттан 23-чохь Соьлж-ГIалахь полисхочунна тIелетар динчу 21 шо хиллачу Барзаев Ахьмадан да а, гергара нах а нахана гуш-хезаш дIакъаьстина цунах. Цу хьокъехь сюжет гайтина меттигерчу телевизионехула, хаам бо "Кавказ.Реалиино".

Цу тIехь Кадыров Ахьмад-Хьаьжин администрацехь низамашкахула декъан куьйгалхо хиллачу Барзаев Алхазура неIалт аьлла шен кIантана. Цо баркалла аьлла низамаш лардочу органийн белхахошна иза верна. Барзаевс шена кIинтIера бовлар дехна шен кIанта зулам деанчу нахе.

Маршо Радионо яздина ма хиллара, кIиранан сарахь урс а карахь Барзаев Ахьмад тIелетта некъан полицин белхахочунна. Официалан болчу хаамца, цо чов йина Сафиулаев Рамилана. Оццу хенахь цигахь тIехволуш хилла Росгвардин эскархо Джабраилов Зелимха. Цо герз тоьхна вийна тIелетардинарг. Цул хьалха Барзаев кхиъна эскархочун урс тоха.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG