ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iамеркехь йийна Оьрсийчуьра схьаяьлла Аушева Алла а, цуьнан бераш а


Нью-Йорк, архивера сурт.
Нью-Йорк, архивера сурт.

Iамеркан махкалла делла Оьрсийчуьра яхархо Аушева Алла а, цуьнан ши бер а дийна Нью-Йоркехь кху беттан 22-чохь. Цунах лаьцна хаам бо ТАСС агенталло, цу гIаларчу полицина тIе а тевжаш.

37 шо долчу Аушева Аллин а, цуьнан шина беран а декъий карийна цхьана хIусамехь, цу тIехула кIур оьхуш гина баьхкинчу полисхошна дIадаханчу шотдийнахь Iуьранна 11-чух ах даьлча (17:30 мск). Уьш кхалхаран бахьана билггала хууш дац.

Полицино коьртачу декъана толлуш верси ю "адамаш дайар" аьлла. И бахьана долуш лаьцна ву 36 шо долу Уолкер Шейн, гарехь, Аушева Аллин берийн да. Цуьнга бехк кховдийна адамаш дайарна а, гIишлонах цIе тасарна а, харцонца герз лелорна а.

New York Post газето яздарехь, Аушевас Iамеркан махкалла тIеэцна хилла 7 шо гергга хьалха. Газето дийцарехь, иза гIуллакх деш хилла Цхьаьнатоьхначу Штатийн Къоман гвардин тIеман хIаваъан ницкъашкахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG