ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Иттаннаш нахана талу малийна стаг бехке вина талораш дарна


Москохара Хохловски майда. Кхузахь дина талорхочо масийтта зулам.
Москохара Хохловски майда. Кхузахь дина талорхочо масийтта зулам.

Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло квалификаци хийцина иттаннаш нахана талу малорнаа, талораш дарна а шеко йолуш лаьцначу стагана дуьхьа талла долийна бехктакхаман гIуллакхан. ХIинца иза бехкевеш ву къоланаш а, талораш а дарна.

Полицино бинчу хаамца, 26 долчу цу стага лаххара а 10 зулам дина нехан ахчанаш лечкъош а, церан 140 эзар сом мах хир болу хIуманаш шен долайохуш.

Маршо Радино дийцина ма хиллара, иттаннаш нахана талу тоьхна маларш даларна а, талораш дарна а шеко йолуш стаг лаьцна полицино Москох. Цунах лаьцна хаам бо "Москва" агенталло, шен хьастана тIе а тевжаш.

Baza телеграм-канало бинчу хаамца, лаьцнарг ву 26 шо долу ГIебартой-Балкхаройчуьра схьаваьлла Сабанов Мурат. Керла Басманан урамехь хьешан хIусамехь вехаш хилла иза. Цуьнан чохь талламаш бина полисхоша, цхьацца молханаш а дохуш.

Талламхой къастош бу цу стага зулам динчу нехан терахь. Цкъачунна болчу хаамца, цо талу делла хилла 7 стагана. Ша лаьцначо дуьйцу 17 стагах лаьцна.

Де хьалха зорбанан гIирсаша хаам бира, Москох юккъехь Мангалан-беттан 11-21 деношкахь дIовш даьлла а, талор дина а 24 меттиг нисйелла аьлла. Зуламхо наггахь зудчуьнца цхьаьна араволуш хилла талораш дан. Тайп-тайпана шен цIе йоккхучу цу стага них а, газ тоьхна хи а, Пина-кола а, кхин долу маларш а кховдош хилла дIасалелачу нахана.

Уьш меллачул тIаьхьа кхетамчуьра бевлллачу царна талор деш хилла цо, наггахь етташ а хилла.

Иштта кху беттан 7-чу дийнахь буьйлабелла лелачу нахана бешмайданехь Iуьллуш гина хилла маситта стаг, ткъа церан хIуманаш кегош воллуш хилла мила ву ца хуу стаг. Цу наха схьалаьцна иза, полицин белхахой а, лоьраш а кхойкхуш.

Полици кхайкхинчерах цхьаммо дехна цаьрга, кхетамчуьра бевллачу наха хи мелла шишанаш дIохьо аьлла. Амма полисхой реза ца хилла иза дан. Цу кепара, бехктакхаман гIуллакх долийна хилла къола дар толлуш. Ткъа шеко йолуш лаьцнарг дIахецнера, цIера дIасавалар а доьхкуш. Цул тIаьхьа юха а дIадуьйладелира тIелетарш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG