ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

СовгIат дина Соьлж-ГIаларчу тIелетарехь чевнаш хиллачу шина полисхочунна


Нохчийчохь совгIат дина Соьлж-ГIаларчу тIелетарехь чевнаш хиллачу ницкъаллин структурийн шина белхахочунна. Некъан патрулан сервисан (ДПС) инспекторна Сафиуллаев Раильна а, Росгвардин белхахочунна Джабраилов Зелимханна а елла тIехь яздина "Терроризмана дуьхьар къийсам дIахьош къастар" (За отличие в борьбе против терроризма) а долуш хьалха уллу веназ (билгало).

Цунах лаьцна хаам бинчу ТАСС агенталло дийцарехь, Мангалан-беттан 23-чохь Соьлж-ГIалахь меттигерчу вахархочо уьрсаца тIелатар динера ДПС инспекторна, цунна маситта чов а еш. Цул тIаьхьа шозза таллархойн топ тоьхнера цо Росгвардин белхахочунна. Ницкъаллин структурийн белхахоша герз тоьхна вийра тIелетардинарг.

Чевнаш хиллачу шина полисхочунна ахчанца гIо дина Кадыров хьмад-Хьаьжин цIарахчу фондо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG