ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIирме кеман билеташ ца карадо Skyscanner сайта тIехь


Симферополера аэропорт
Симферополера аэропорт

Кеман билеташ лохучу уггар яккхийчерах йолчу Skyscanner сайта тIехь рейсаш гойтуш яц Оьрсийчоьно нуьцкъах шех дӀатоьхначу ГIирмерчу Симферополе. Цу гIала билет каро гIоьртича муьллхха де хьаржича а системо хаам бо, билеташ дац олий. Цунна тIе тидам бахийтина "Коммерсант" зорбанан гIирсо.

Ша оцу компанехь жоп ца далало, хилларг хIун ду бохучунна. Skyscanner-ан Оьрсийчуьрчу декъехь хаам бина РБК агенталле, говзанчаш хилларг къастош бу аьлла.

"Коммерсантан" а, РБК-н а туризман компанешкарчу хьастанаша чIагIдо, ГIирмера аэропорт цу системера дIаяларан бахьана ду Цхьаьнатоьхначу Штаташа а, Евробартан пачхьалкхаша а ГIирма нуьцкъах шех дӀатохарна Оьрсийчоьнна санкцеш кхайкхор бохуш. Дукха хан йоццуш Евробарто кхин дIа а яхйинчу сакцеша бакъо ца ло шайн компанешна ГIирмехь муьлхха а гIуллакх дан.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG