ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Политикера дIаваларх дийца дуьхьал хилла Путин


2024-чу шарахь хьайн хан чекхъяьлча политика юьтур ю ахь, йа кхечу даржехь вуьсур ву хьо аьлла, италхойн Corriere della Sera газетано шега деллачу хаттарна жоп ца делла Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира. Цкъачунна хьалхе ду цунах лаьцна дийца, ткъа карарчу хенахь президентан даржехь дан гIуллакхаш дуккха а ду шен аьлла, дIахьедина Путина. Итали воьдучу деношкахь газетана еллачу интервьюн чулацам зорбане баьккхина Кремлан сайтехь.

Хьалхо Путина къадийнера, 2000-чу шарера схьа дуьйна ойла еш ву ша шел тIаьхьа хинволчун аьлла. Делахь а, цо бахарехь, Оьрсийчоь – демократин мохк бу, цундела хинволу президент харжамашкахь халкъо къастор ву.

Хьо куьйгаллера дIаваьллачул тIаьхьа пачхьалкх муха хир ю аьлла хета хьуна аьлла, 2018-чу шеран Лахьан-баттахь шега журналисто хаьттича, Путина жоп деллера: "Хьо стенга сиха ву? Со цкъачунна цхьнхьа а ваха дагахь вац".

2024-чу шарахь чекхйолу Путин Владимиран шолгIа эцна 6 шеран хан. Оьрсийчоьнан Конституцино бакъо ца ло кхоалгIа а президентан харжамашкахь дакъалаца.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG