ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчуьрчу дарбан цIийне кхачийначу беран хьокъехь талламаш болийна


Чолхечу хьолехь еаридийнахь ГIалгIайчуьрчу берийн дарбан цIийне ялийначу ворхI шо долчу йоьIан хьокъехь талламаш болийна полисхоша. Республикерчу берийн омбудсмено Чахкиева Заремас хаамбарехь, дейишийца цхьана Iаш хилла и йоI тIаьххьарчу эхашерачохь.

Дуккха а чевнаш хааелла цуьнан дегIа тIехь, ша бер цкъачунна реанимацехь ду аьлла бу мехкан Талламан комитето шайн сайтехь бина хаам, оцу гIуллакхан хьокъехь бехкзуламан гIуллакх диллина аьлла, билгалдоккхуш.

УьйтIарчу ор чу йоьжна и йоI бохуш, чIагIонаш йо цуьнан гергарчара.

ТIаьххьара "Интерфакс" агенталле Наьсаран мэрин векало бинчу хаамашца, чолхе операци кхиамца чекхъяьлла, дегIан меженаш дIаяха ца оьшуш, йирзина операци.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG