ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Лууш доцу ХьаьжцӀа вахар. Алсам бовлуш бу СаIудийн Iедалшна бойкот йон бусалбанаш


ХьаьжцӀа бахана нах Маккана гергарчу Iарафат ломахь. 20Марс.2018.
ХьаьжцӀа бахана нах Маккана гергарчу Iарафат ломахь. 20Марс.2018.

СаIудийн Iаьрбийн пачхьалкхо регионехь мостагIаллин политика лелорна Эр-Риядан нахалахь дикачу агӀор яхана цӀе йожаро а, цо адамийн коьрта бакъонаш цалараро а алсамдоккхуш ду кху шарахь Марсхьокху-баттахь долало ХьаьжцӀа ваха​р кхочуш ца деш совца, бохуш бусалбанашка кхайкхамаш бечу диндайн а, Iелим нехан а терахь. Мел бехк бу хуьлучунна паччахь хIуттур волчу, ма дарра аьлча, карарчу хенахь а шен кIеначу ден меттана, пачхьалкхана урхалла дечу принцан Бин Салман Мохьаммедан?

Бин Салман Мохьаммед тIаьхьарчу шерашкахь къахьогуш вара, СаIудийн пачхьалкх дуьненаюкъарчу аренехь дикачу агIор гайта гIерташ либералан реформаш еш а, мелла а алсамо гуш-хезаш политика дIахьош а.

ТIаьххьалц пачхьалкхан кеп а, СаIудийн пачхьалкхара дахар а билгалдоккхуш дара цхьаъ бен доцучу низамца – Урхаллан коьртачу низамца. Цуьнца а догIуш, СаIудийн Iаьрбийн пачхьалкх динан бух тIехь кхоьллина пачхьалкх ю цу мехкан хиллачу хьалхарчу паччахьан Iабдул Iаьзизан бераша а, берийн бераша а шариIатца урхалла деш йолу.

Амма паччахьана дарже кечвеш волчу принцо Мохьаммеда Iаткъам барца, масала, паччахьо омра дира, махкарчу зударшна машенаш лело бакъо луш – машен лело кехаташ царна дала долийра стохка Мангалан-баттахь дуьйна. Цхьацца гIулч йоккхуш бакъо елира зударшна кинотеатаршка баха а, спортан ловзаршка хьажа стадионашка баха а.

Бин Салман Мохьаммед а(аьтту агIорхьара), цуьнан да паччахь Аль Сауд Салман ибн Абдул-Азиз а
Бин Салман Мохьаммед а(аьтту агIорхьара), цуьнан да паччахь Аль Сауд Салман ибн Абдул-Азиз а

Цул тIаьхьа Бин Салман Мохьаммеда цIеххьана хаам бира, 2030-гIа шо тIекхочуш хIора шарахь 30 миллион турист тIеэца дагахь ю СаIудийн Iаьрбийн пачхьалкх аьлла. 2020-чу шарахь СаIудийн Iедалш дагахь ду туризм а, инфраструктура а шоръярна 35 миллиард доллар хьажо.

Уггар хьалха ЦIен хIорда чохь цхьа а адам дехаш доцучу 50 гIайренна тIехь цхьамогIа еза а, хьоле а пляжан курорташ яхка а, ткъа иштта "самукъадоккху кханене кховдийна" NEOM цIе йолу гIала кхолла а дагахь ду СаIудийн Iедалш. Цу гIалахь роботийн урхаллан а, садоIучеран хьашташ кхочушдаран а система а, юхаметтахIутту энергетика а хир ю, ткъа иштта, коьртаниг, шен низамаш а хир ду цигахь лелаш. Iамеркера Лас Вегас эшо езачу оцу ша лаьттачу проектан мах хир бу 500 миллиард доллар.

Амма и дерриг а тоьаш дац принцо билгалйоккхуш йолу цу мехкан арахьара а, чоьхьара а политика тIаьхь-тIаьхьа мостагIаллан хуьлуш хилар хьулдан. Иза гIорасиз хилира СаIудийн Iедалша адамийн бакъонаш талхош хиларна тIе тидам бахийта гIерта нах дIасовцо.

СаIудийн пачхьалкх, схьахетарехь, кху дуьнентIехь ша цхьа пачхьалкх бен яц, "Дуьненаюкъара амнисти" санна йолчу адамийн бакъонаш ларъярехула йолчу вовшахтохараллаш шайн дIахаийтаршкахь хьехош ерг, хIора шарахь официалан кепара иттаннаш гуш-хезаш адамашна вен кхелаш еш йолу, гIаланашкарчу маьждигашна хьалхарчу майданашкахь коьртеш дохуш.

Йеменехь СаIудийн бомбанашна кIеллахь хIора денна леш болчу маьрша бахархойн терахь алсамдаларо а, Истанбулерчу СаIудийн векалаллехь журналист Хашогги (Хашакджи) Джамал къиза веро а, ГIажаричоьнца йоьзначу кризисехь тIаьхьарчу хенахь вуно Iаткъам бан гIертаро а кхин дIа а оьшуш дуй-те цу пачхьалкхана гIортор яр аьлла шеко кхоллаялийтина дукхахенахь дуьйна Эр-Риядан бартхой хиллачу суннатхойн пачхьалкхий.

СаIудийн пачхьалкх дурриг а дуьнентIерчу бусулба наха ларар дара Ислам динца доьзна, цуьнан политикан а, экономикан а, тIеман а аьттонашца доьзна доцуш. Цу махкахь ю берриг а бусулба наха еза лоруш йолу Макка а, Медина а. Маккахь ХьаьжцIа ду, ткъа Мединехь Масджид Аль-Набави маьждигехь дIавоьллина ву Дела Элча Мухьаммад-пайхамар. ХIора шарахь хьаж деш Маккахь цхьаьнакхета лаххара а 2 миллион 300 эзар бусалба стаг.

СаIудийн пачхьалкхан куьйгалхойн исламца йолу и уьйр бахьана долуш Iаьрбийн суннатхой бехачу дуккха пачхьалкхийн куьйгалхой хилара Эр-Риядца дагабовлуш динца а, ткъа иштта политикица а доьзначу хаттаршкахула.

1979-чу шарахь ГIажарийчохь Исламан революци яьллачул тIаьхьа, цуьнан идейш цу регионехь яржарна кхераеллачу СаIудийн Iаьрбийн пачхьалкхо миллиардаш долларш дайира, исламан шен "брендана", вуьшта аьлча "ваххабизмана" кхечу махкашка экспорт яр Iалашонца – уггар хьала маьждигаш деш а, динан-дешаран центраш йохкуш а Британера дIа Индонезе кхаччалц.

Макка, ХьаьжцIа.
Макка, ХьаьжцIа.

Гергарчу Малхбалехь коьрта хила гIерташ, дуккха а шерашкахь болх беш яра Эр-Рияд. ХIинца цу гIуллакхехь баккъалла а цунна кхераме хилла дIахIоьттина ТехIран. Мехкадаьттан экспотёр а, дукхахенахь дуьйна Цхьаьнатоьхначу Штаташца уьйраш латтош а йолчу СаIудийн пачхьалкхана гIортор йора дуккхахайолчу луларчу пачхьалкхаша.

Делахь а, цхьана хенахь Эр-Риядехь хааделира зама дукха сиха хийцалуш хилар. Гергарчу Малхбалехь а, кхечу бусалба пачхьалкхашкахь а адам дарделла ду Хашогги верца доьзна а, ткъа иштта Йеменерчу хуситашца тIом бечу СаIудийн пачхьалкх коьртехь йолчу коалицино, башхалла а йоцуш, бомбанаш а, ракеташ а еттарна байинчу йеменхойн терахь (2020-чу шарахь иза 230 000 хила мегаш ду) алсамдаларна а.

СаIудийн хIаваан тIеман ницкъаша бомбанаш етта дарбанан цIеношна а, велларг дIаволла боьлхучу нахана а, берийн школан автобусашна а, зуда ялош вовшакхеттачу нахана а тIе. И бахьана долуш, Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллан даржхоша юьйцу дуккха а шерашкахь йоьдуш йолу Йеменера конфликт "кхузаманахьлера уггар луьра леррина кхоьллина гуманитаран кризис" санна.

Эр-Риядан къизалло цуьнах дIакъастош ю цо кхоьллинчу коалицина юкъахь йолу пачхьалкхаш а. Ур-аттал Цхьаьнакхеттачу Iаьрбийн Эмиратийн Iедал а цхьана ду шен бартахочо лелочунна ша реза цахилар хоуьйтуш. СаIудийн пачхьалкхо лелориг бахьана долуш Малхбузенехь кхайкхамаш хеза цунна герз дохкар дехка деза бохуш.

Iамеркан Конгрессан Векалаллан чоьно а, Сенато а цхьана ханна тIаьхьатеттина президенто Трамп Доналда герз дохкар хьокъехь цу пачхьалкхаца бина мах. СаIудийн пачхьалкхана герз дохкар дихкира Германино стохка ГIадужу-баттахь. Цунна тIаьххье изза дира Швейцарино а, Италино а. Британехь кхело сацам бина СаIудийн пачхьалкхца хьалха тIеэцна контракташ низамашца йогIуш хиларан шеко ю аьлла.

И дерриг резацахилар а, оьгIазалла а хаалуш ю динца йоьзначу сферехь а. Масала, 2019-чу шеран Оханан-бутт чекхболуш Ливерчу суннатхойн вевзаш волчу диндас, муфтийс Аль-Гариани Садикъа 2019-чу шарахь хир долчу ХьаьжцӀа вахарна бойкот яре кхайкхира берриг а бусалба нах.

ХьаьжцӀа вахар хIора бусалба стагана деза ду. Шен ницкъ кхочуш иза дар тIедиллина ду дино шахIадат далор а, ламаз дар а, закат далар а, марханаш кхабар а санна. Аль-Гарианис дIахьедар дира, Макка хIинца ХьаьжцӀа воьдуш волчу стага шена латош кIа ду аьлла.

"Ас ХьаьжцӀа ваха ца оьшу бахаран коьрта бахьана ду, со тешаш хилар миллионаш хьаьжой тIеоьцуш Эр-Риядана цунах вуно боккха пайда хуьлуш хиларх. Ткъа цо аьтто бо цуьнан, герз а оьцуш, Йеменна дуьхьал а, ткъа иштта лач кепехь Шеманна а, Ливина а, Тунисана а, Суданна а, Алжирна а дуьхьал тIом латто, цигарчу диктаторийн режимашна я цигара уггар луьрчу халкъана дуьхьал болчу ницкъашна гIортор еш. СаIудийн пачхьалкхехь доьхкинчу вайн ахчано гIо до царна вайн бусалба вежаршна дуьхьал зуламаш дан", - элира муфтийс.

ХьаьжцӀа вахарна бойкот яран идейна гIортор еш цхьа муфтий Аль-Гариани хилла ца Iа. Суннатхойн вевзаш волчу Iеламан стага Аль-Карадави Юсуфа стохка фетва арахийцира Макка вахар доьхкуш, "бусалба наха мецанаш бузош, цомгуш болчарна дарба деш, хIусам йоцург чукхойкхуш гуш волчу АллахIана уьш дукха беза, шайн ахча ХьаьжцIа боьлхуш дойуш болчарел а" аьлла.

Хьалхо бойкот кхайкхийча хиллачуьнца дуьстича карарчу хенахь лелочо аьтто бира барт бан суннатхойн а, шиIатийн а. 2011-чу шарахь Эр-Риядо БахIрейнехь луьра охьатаIийра, Iедалшна дуьхьал хилла гIаттам, Iедалша дехар а дина. Дуьхьалонан акцешна цигахь хьалхабевлла бара суннатхойн династино Iедал дIакхоьхьучу цу махкахь алсам болу бахархой бусалба-шиIаташ.

Цунна жоп луш, Иракъехь меттигерчу жигархоша, суннатхоша а, шиIаташа а, бойкот яре кхайкхам бира СаIудийн пачхьалкхехь дечу сурсаташна. Цу хенахь Иракъехь премьер-министр хиллачу Аль-Малики Нурис дIахьедар дира, кестта регионехь тIом эккха мегаш бу динан башхаллашца боьзна, нагахь Эр-Риядо оцу кеппара луларчу пачхьалкхийн чоьхьарчу гIуллакхашна юкъагIертар ца дитахь.

2017-чу шеран Мангалан-беттан 5-чохь дуьйна схьайогIуш ю Фарсин аймехь Катаран олу кризис – СаIудийн пачхьалкхо а, цуьнан бартахоша а дIахьедар дина шаьш дипломатин юкъаметтигаш лелор а сацийна, лаьттатIехула а, хIаваэхула а, хIорда чухула а дIасалелар юкъах а даьккхина, махбарна блокада хIоттийна аьлла.

Катаран Iедале дIаделира иза дан декхарелахь долу 13 хIума тIеяздина тептар. Царна юкъахь дара Катарехь куп тоьхна йолу, Iедало Iуналла дон "Аль-Джазира" телеканал дIакъовлар а, ГIажарийчоьнца йолу дипломатин юкъаметтигаш хедор а, ткъа, коьтаниг, Туркойчоьнца тIеман юкъаметтигаш лелор сацор а, ткъа иштта 2017-чу шарахь Катарехь гучуяьлла туркойн йоккха тIеман база дIаяккхар а.

Катар реза ца хилира и билламаш кхочуш бан. Катаран эмиро Аль-Тани Тамима маситта шен интервьюхь дIахьедар дина Эр-Рияд шайн махкахь Iедал хийца гIерташ ю, хIунда аьлча цо кхийдораш кхочуш балур боцу билламаш а, ткъа дохкуш долу бехкаш бух боцуш а хиларна аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG