ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

КIезиг доьзалш боьхначу регионашлахь ю Нохчийчоь


Кху шеран Дечкен-баттара Охан-батте кхаччалц бинчу талламашца билгалдаьлла муьлхачу регионехь алсам ду доьзалш къестар. Росстатан статистикан зераш Iорадаьхна RT агенталло. Цуьнца а догIуш, карара шо доладелчхьана Сахалинан кIоштахь 1000 доьзалх боьхна 5, 1 процент. ШолгIачу меттигехь дIатаръелла Карелин Республика (4,6). Цунна тIаьхьа ца юьсу Ненецкан автономин го а(4, 5), Мурманскан а (4,3), Белгородскан (4,3) кIошташ.

Уггар кIезиг доьзалш къастина хиларца билгалъяьлла Нохчийчоь (0,6), ГIалгIайчоь (0,8), Дагестан (1,1), Къилба ХIирийчоь (1, 8), ГIебарта Балкхаройчоь (1, 9).

Демографин, миграцин, регионаш кхиоран Институтан тергамчийн кхеташонан куьйгалхочо Крупнов Юрийс бахарехь, Кавказехь дукхахболу доьзалш къестар, регионашкарчу динан а, къоман а ламасташца доьзна ду.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG