ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Гуьржийчоьнна санкцеш кхайкхо реза ю Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Дума


Архивера сурт
Архивера сурт

Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думо дехар дина Iедале Путин Владимиран сий дойуш "Рустави 2" телеканалехь къамел динчул тIаьхьа Гуьржйчоьнна санкцеш кхайкхае аьлла. Цунах лаьцна дIахьедар дина Оьрсийчоьнан парламентан лахарчу чоьнан гIантдас Володин Вячеслава, Думан Кхеташо дIайирзинчул тIаьхьа.

Цо дийарехь, и сацам тIеэьцна цара, дуьхьал цхьа а депутат а воцуш. Дуьйцург ду Гуьржийчуьра чагIар а, минералан хи а эцар дехкар а, ткъа иштта Гуьржийчоьнна а, Оьрсийчоьнна а юкъахь ахча дIасаэхийтар сацор а.

Санкцеш кхайкхо еза аьлла хьалхаттар динарг ю "Цхьааллин Оьрсичоь" партин парламентера фракци.

Володина иштта дIахьедар дина, шена хетарехь, Путин сийсазвинчу журналистана экстрадици ян еза аьлла, иза Оьрсийчоьнан кхелана хьалха хIоттор Iалашонца.

Товбецан-беттан 7-чу суьйранна гуьржийн "Рустави-2" телеканалехь "Постскриптум" программа дIахьочу журналисто Габуния Георгийс къамел дира, Оьрсийчоьнан президенте Путин Владимире хьажийна, цуьнан ден а, ненан а сий дойуш. Цул тIаьхьа оцу телеканалан гIишлонна хьалха цхьаьнакхеттера 200 гергга стаг, Габуния а, каналан куьйгалхо а балхара дIавккха, цу шинна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх доладе бохуш. Цара хIоаш диттира телеканалан хIусамна тIе.

Оьрсийчохь лазаме тIеэцна Габунияс Путинан сий дайар. Цу хьокъехь оьгIазе дIахьедарш деш бу Оьрсийчуьра политикаш а, Iедалан белхахой а, шайна юкъахь Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан а волуш.

Цунна хетарехь, Путин Владимиран сий дойуш телеэфирехь къамел дина журналист Габуния суьде озо веза. Кадыровс кхайкхам бина Гуьржийчоьнан Iедалшка, официалан кепара бехк цабиллар деха аьлла.

Нохчийчоьнан куьйгалхочо ша тешна ву боху, журналисто иза ша дагалаьцна дина ца хиларх. Цундела Гуьржийчоьнна дуьхьал луьра санкцеш кхайкхо еза, аьлла хета цунна а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG