ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Юьртахо вийначу 60 шо долчу стагана кхел йийр ю Нохчийчохь


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Нохчийчохьтеллина даьлла БIачи-Юьртара вахархо верца доьзн бекхтакхаман гIуллакх. И зулам дарна бехке веш ву цу эвлара 60 шаре ваьлла вахархо.

Талламан версица, 2018-чу шарахь Марсхьокху-баттахь Куршлойн кIоштарчу БIачи-Юьртахь цабезам хиларна цо урс диттина шайн юьртахочунна. Хиллачу чевнех и стаг велла.

Таллламан комитетан белхахоша тоьшаллаш гулдина куьгбехкениг кхеле озор Iалашонца. Уьш тIечIагIдина прокуроро, хаам бо "Нохчийчоь тахана" агенталло.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG