ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьра 2600 стаг гIур ву кхушара ХьаьжцIа  


Архивера сурт
Архивера сурт

2019-чу шарахь Нохчийчуьра ХьаьжцIа ваха аьтто хир бу 2600 стеган. Цунах лаьцна дIахьедар дина республикерчу муфтийс Межиев Салахьа, хаам бо ТАСС агенталло.

Нохчийчуьрчу динан урхаллан куьйгалхочо дийцарехь, царна кечйина ю автобусаш а, хьешан хIусамаш а, ткъа иштта барт бина Соьлж-ГIалара Джидде кема лелийта.

ТАСС агенталло далочу терахьца, Марсхьокху-беттан хьалхарчу деношкахь долало хьаьж дан верриг а Оьрсийчуьра СаIудийн Iаьрбийн пачхьалкхе гIур ву 20 500 бусалба стаг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG