ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Таджикистанерчу набахтера 14 тутмакх велла баьпках дIавш а даьлла


Таджикистанхь чубоьхкинчийн гергарнаш
Таджикистанхь чубоьхкинчийн гергарнаш

Таджикистанерчу Согдийскан кIоштарчу набахтешкара 14 тутмакх велла, дIовш даьлла. Дахначу кIирандийнахь хилла и бохам, 128 тутмакхах, шайлахь 8 зуда а йолуш, лаьтта тоба Душанберчу а, Нурекерчу а, Яванерчу а колонешка дIабуьгучу хенахь.

Таджикистанан юридикан министраллан таIзар кхочушдаран урхалло хаамбина, бепиг диъначул тIаьхьа, цатам хиллера лецначарна аьлла. Варзобскан кIоштарчу Майхурехь цхьахволчу лаьцначо 16 тутмакхна бепиг дIасадекъначул тIаьхьа хилла ю и инцидент.

"Ах сахьт даьллачул тIаьхьа 16 тутмакхийн дегнаш керчадоьлла, корта а хьийзаш, Iетта а беш", аьлла, яздина ду официалан хаамехь. Душанбе схьакхаьчначул тIаьхьа 16 тутмакх кхетамчуьра ваьлла хилла. Царех шиъ бен меттавало ницкъ ца тоьъна лоьрийн.

Тутмакхаш дIасалелочу кхаа спецмашенашкахь кху беттан 7-чохь Худжандера делкъанна арабевлла суьйранна 18.20 минот яьллачу хенахь шахьаре кхачийна хилла аьлла бу хаам. ХIиттийначу стандарташца а догIуш, Душанбе йоьду колонна 6-зза сецна хилла, тутмакхийн нишка баха аьтто беш.

Таджикистанан Инарла прокуратурано дийцина, тутмакхаш баларца доьзна зуламан гIуллакх долийна, талламаш дIахьош бу шаьш аьлла. Лелачу версица, йовхачу хенахь бепиг ца талхийта раж лелийна цахиларна, матар тесна хилла баьпках. Цунах дIовш даьлла тутмакхашна.

Оцу юкъанна Радио Озодица къамел динчу гоьваьллачу лоьро дIахьедина, баьпках дIовш долу, амма цхьа наггахь бен баларш ца нисло аьлла. Душанберчу цхьана клиникехь болх бечу лоьро дийхира, шен цIе ца йовзийтар зорбанехь. Нагахь санна, демаца гелиотроп олу дIаьвше орамат хиллехь а, йа демах тоьхна химин хIума хиллехь а тарло стаг вала боху лоьро.

"КIа юкъахь нисъяла тарло гелиотроп. Оцу аьхьначу кIах даьккхинчу демах пайдаэцахь нахах гелиотропах дIавш а даьлла, гепатит лазар кхета тарло. Амма бепиган цостар даарх стаг лийр вац. Нагахь санна, масех дийнахь оцу стага и бепиг дууш делахь, тIаккха ша ду, вала тарло", - боху шуьйра вевзачу лоьро. Демах цхьа химин хIума тоьхна хила тарло аьлла, шеконаш ю цуьнан.

Карладоккху, 2018-чу шарахь Горно-Бадахшанскан автономин кIоштахь дема юкъахь гелиотроп нисъелла, дIавш даьлла велира 19 стаг, шайлахь 8 бер а долуш.

Ишкашимскан кIоштарчу Питут а, Шитхарв а эвланашкара бахархой дарбан цIийне кхачо болийра "гелиотропан гепатит" аьллачу диагнозца Дечкен-беттан 17-чохь. Ши кIира даьллачул тIахьа дIавш даьллачух цхьаъ велира - 11 шо долу кIант.

Талламаш дIабаьхьча къаьстира, 2017-чу шеран Марсхьокху-баттахь меттигерчу бизнесхочо 5, 4 эзар кила кIа эцна хилла Хатлонскан кIоштарчу Хамадонехь аьлла. ТIаьхьо и кIа меттигерчу бахархошна доьхкина хилла цо, ткъа цара хьерахь ахьа а охьуш, хьокхамаш деш хилла дамех. Говзанчашна гучуделира, оцу демаца дIаьвше дотталг хиллийла.

Пачхьалкхан "Ховар" агенталло зорбане яьхна беллачу тутмакхийн цIераш:

  1. Турдиев Ёкуб, вина 28.01.1991-чу шарахь, Хуросонан кIоштан вахархо.
  2. Одинаев Валиджон, вина 13.12.1976 шарахь Гиссарскан кIоштахь.
  3. Солихов Неккадам, вина 23.07.1985-чу шарахь Варзобскан кIоштара вахархо.
  4. Назруллоев Усмонали, вина 21.03.1979-чу шарахь, Яванскан кIошт.
  5. Буриев Далерджон, вина 6.09.1998-чу шарахь Истаравшан гIалахь.
  6. Убайдов Афзалшо, вина 23.02.1995-чу шарахь Вахдат гIалахь.
  7. Сунатуллои Имомали, вина 05.06.1989-чу шарахь Душанбехь.
  8. Юсупов Мехроб, вина 07.07.1992-чу шарахь, Варзобскан кIошт.
  9. Ватаниев МаҳьмасаьIид, вина 20.04.1977-чу шарахь Абдурахмон Джоми кIоштахь.
  10. Манонов Раджабмурод, вина 26.05.1979 - чу шарахь Файзабадскан кIоштахь.
  11. Хакимов Хьасан, вина 17.01.1987-чу шарахь, Рудаки кIошт.
  12. Абдурахмонов Абдурахмон, вина 10.02.1997-чу шарахь, Рудаки кIошт.
  13. Хайдаров Некруз, вина 21.08.1999-чу шарахь, Дангаринскан кIошт.
  14. Каюмов Абдуджамил, вина 10.11.1967 -чу шарахь, Матчинскан кIошт.

Беллачу тутмакхех кхи информаци яц. 2016-чу шарахь царех цхьахволчу- 27 шо долчу Юсупов Мехробан цIе зорбанашкахь йохура. 2014-чу шарахь даIишхойх дIакхеттачу, ОМОН-ехь ша болх бечу хенахь шен хиллачу командирца Интернетехула зIене вала гIортарна лаьцна, бохуш.

Карладоккху, стохка гурахь дуьйна Таджикистанерчу набахтешкахь шозза бунт иккхира, тутмакхаш а бойуш.

2018-чу шеран Лахьан-баттахь Таджикистанан Худжанерчу чолхечу рожан колонехь тутмакхашлахь тасадаларш хиллера. Iедалхоша дIахьедарца, цу къепедацаршкахь вийра 23 стаг, шайлахь набахтен кхо белхахо а волуш. Ткъа официалехь йоцчу информацица, мел лахара а 50 вара велларг, 180 сов стагна чевнаш йира.

ШолгIа Стигалкъекъа-беттан 19-чохь Вахдатскан колонехь хиллачу бунтехь велла 32 тутмакх а, церан 3 хадархо а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG