ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Юсупов ИбрахIим. Сан иллеш, даим Нохчийчохь диссалаш...


Сан иллеш, даим а Нохчийчохь диссалаш...
Юсупов ИбрахIим

Сан иллеш, даим а Нохчийчохь диссалаш,
Махкана тешаме олхазарш хилий.
Оьздачу жатташна юккъера кхиссалаш
Къомана петоха мел гIерта илли.

Тхьамда веш ловзаран я да веш тезетан,
Ца хаьа мел вуьтур кхиэло ИбрахIим.
Цундела диц ма де дешнаш сан весетан:
«Сан иллеш, Нохчийчохь диссалаш даим».

Хоттане, 1980 шеран июль


XS
SM
MD
LG