ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Тесна йитина Iайшат


"Куьг шийла ду, дIадаккха дезар ду", - аьллера лоьро, ворхI шо долчу ГIалгIайчоьнан Сунжа-кIоштарчу Ажигова Iайшатан дегIах таллам бечу хенахь. Ягийна шира чевнаш, кегйина даьIахкаш, яхкалу цуьнан дегIан меженаш.

Рошаль Леонид президент волчу Москварчу Iилман-талламан институтерчу берийн хирургин декъехь дарбадан охьайиллина Айшат. Цигарчу лоьраша а хаамбира, аьтту куьг дIа ца даккхахь гIуллакх хир дац аьлла.

Цхьа шо хьалха дIаелла хилла Iайшат дейишин Маккин доьзале. Зуламан Кодексан 111-чу артиклехь (хаа а хууш, кхечу стеган могушаллина зен дар) бехкейо иза.

Йовха чорпа чохь йолчу яй чу хиинера иза ша, цул тIаьхьа кIохцал-сераца голаьцначу ор чу йоьжнера аьлла, дийцина йоьIан дейишо лоьрашка. Iайшат шен хенна дарбан цIийне а ца юьгуш, масийтта дийнахь цуьнан куьг карсца къевлина латтор бахьана долуш ситуаци чIагIъелла.

Кху-беттан 6-чохь Макка шина баттана лаьцна юьтуш, сацамбина кхелахоша. Хьалхо оццу артиклехь таIзар текхна а ю иза. ТIаьхьо къастарца, Маккин цIийнда ницкъаллийн структурийн белхахо ву. ЙоIана тIехь шен хIусамнанас Iазап латтош хиллийла шена хууш дацара, "хIунда яьлча, со цIахь вацара" аьлла цо.

Ала догIу, Маккин пхиппа шераш долчу шина кIентан дегIа тIехь цхьана а кепара йиттина тамагIаш дац. Амма дахначу шинаридийнахь республикерчу заьIап берийн реабилитацин центран директоро Дударов Iелас дийцина, Макин ший а кIант а дегIана а, хьекъална тIаьхьависина вогIу аьлла.

Шен да а, нана а дIасакъаьстинчул тIаьхьа кхаьчна хилла Iайшат Маккин хIусаме. "Тхо дIасадевллачул тIаьхьа дейишас йоI дIаяьккхинера соьгара", - аьлла Iайшатан нанас меттигерчу телевизионан эфирехь.

Кхечу стагехь марехь ю иза хIинца, ткъа цуьнан хиллачу цIийндас (йоьIан дас) дихкина хилла цунна йоI гар.

Дейишица ехаш хилла йоI верасалла официалехь тIе а ца чIагIдеш. Цундела оьцуш ахча а ца хилла цо йоьIан цIарах.

"Ненехь бер цадитаран кавказхойн ламасто цу кепара зуламаш дохьу. Къилбаседа Кавказера масех гIуллакх ду тхоьга кхаьчна, дас шен хиллачу хIусамненера бераш дIадаьхна. Доккхачу декъанна, и бераш тIаьхьа шайн деца а ма ца дуьсу. Шен къеначу дена-нанна уьш лело охьадохку цхьаболчу дайша. И бераш цхьанна а оьшуш ца хуьлу, кхачаме лоьрийн гIо а ца латтадо царна, цхьаннан а бала боцуш кхуьу уьш", - дийцина "Кавказ.Реалии" порталца хиллачу къамелехь "Правовая инициатива" Проектан адвокато Гнездилова Ольгас.

Доьзал дIасакъаьстинчул тIаьхьа бераш деца дуьтучу ламасто ма ца боху ненах уьш херде. Амма, дукха хьолахь ишта нис-м ло.

"Iадатехь боху, бер деца диса дезаш ду, цунах жоп дала дезарг иза ву, амма ненан бакъо ю шен бераца зIе латто. Ткъа кхузахь беран ненаца уьйр йита а ца юьту", - дуьйцу Гнездиловас.

Шен хиллачу зудчуьнгахь бераш дуьтучу дега агIор хьоьжу, иза емалво лулахоша а, гергарчара а.

"Ненера бер схьа а даьккина, иза шен хIусамехь кхиош волчу стаге ларам алсам хуьлу нахалахь, ненехь бер дитинчуьнгахьчул а, - дуьйцу эксперто. – Цхьаболчу божарша-м ненехь дита а тарлора, делахь а наха олучух ларбалархьама декхаре хуьлу уьш бераш схьадаха. Ненех хьегочу берах хиндолчун - бала ца хуьлу".

"Буьйсанна маьхьарий хезара лулахошна"

Социалан белхахошна-м хIунда дуьйцура, цхьана урамехь йоьIан дейишица бехачу лулахошна а гуш ца хилла Iайшат а, цов ловшдерг а. Лекхачу кертана а, къевлинчу ковна а юкъахь хуьлучух ца хууш хиллачух тера ду царна.

"Суна цкъа бен гина яцара и йоI. Шен кIантаца чохь юьтура оцу зудчо и йоI. Цуьнан бераш юкъ-кара сан берашка а хьовсура. Дика зуда ю, дика бераш а ду", - боху Маккин лулахочо "ГIалгIайчоь" телехьожийлан эфирехь.

ГIалгIайчоьнан омбудсмено Чахкиева Заремас бахарехь, хIинций-хIинций Iайшатан нана юхайогIу моьттуш Iаш хилла лулахой. Аьтто ца хилира "Кавказ.Реалиин" Чахкиева Зеремица зIе таса: масийттазза телефон тохарх жоп ца делира омбудсмено.

"Ламасташ лардечу юкъараллехь массо а вовшашца воьзна хуьлуш ву,- дуьйцу кхузаманан глобале хеттарш а, регионашкара проблемаш а толлучу "Кавказ. Мир. Развитие" Центран президенто Сиражудинова Саидас. – Цхьана агIор, иштачу юкъараллехь тIехсов кхечу стеган дахарна юкъагIертар магош хIума ду, вукху агIор аьлча, лулахойн а, гергарчийн проблемех къайлахьо".

Сиражудиновас масална дуьйцу сий лардеш зударий байарх: цхьаммо хьийзийна, йа цIийндена ямартъяьлла зуда шен наха йийча, юьртахоша къайлахьо и зулам.

"Хетарехь, кхузахь а ишта хиллачух тера ду: "нехан доьзална юкъагIерта цалаарна а, цаьрца девне бовла цалаарна а, массо а тапъаьлла Iийначух тера ду", - боху эксперто.

Гнездиловас дагатосу Оьрсийчохь хилла цу кепара хиламаш: "Липецкан кIоштахь цу тайпа инзара масех гIуллакх нисделлера: сахиллалц лулахошна хезна хиллера зударийн маьхьарий, шогIачу Iуьйранна гIовгIа тийначул тIаьхьа телефон тоьхна хиллера цара оцу зудчун гергарчаьрга, шун зудчунна етташ ю аьлла. ТIаьхьо дарбан цIийнехь кхелхинера и зуда кхи метта а ца йогIуш".

"Луларчу нехан доьзална юкъагIорта цалааро а, хьайна уллохь лелочу зуламашна ахь петохаро а стаг воьйту. Култураца болх а беш, нах кхето беза. Нагахь санна, доьзалехь Iазап латтош лулахошна хаалахь, къайлах аьлла а, полицига дIахаийта деза цо цунах", - боху адвокато.

Филиппович Екатерина ю текстан автор

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана цхьацца бахьанашца кест-кеста олу ша резавоцчу нахах я шен оппонентех "шайтIанаш", "гезарий", "боьха хIуманаш". Шуна муха хета, товш дуй регионан куьйгалхочо нахана ишта "цIерш" техкар?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG