ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайн йоI дIайига луурш дукха бу аьлла берийн омбудсмено


Оьрсийчуьрчу берийн омбудсмен Кузнецова Анна
Оьрсийчуьрчу берийн омбудсмен Кузнецова Анна

Рошаль Леонид президент волчу Iилман-талламан институтерчу берийн хирургин реанимацехь Iуьллучу 7 шо долчу Ажигова Iайшат йолчохь хилира берийн омбудсмен Кузнецова Анна.

"Тешамечу нехан карахь ю йоI. ХIинца коьртаниг хIун ду аьлча – цунна гIо дан лоьраш паргIат битар. Iайшатна мел оьшург долуш ду: нийса ден дарба а, тергоне, догцIена лоьраш а бу уллохь. Тхоьга дукха наха телефонаш етта, йоI шайна дIайига лаьара бохуш", - аьлла Кузнецова Аннас.

Маршо Радионо хьалха дийцина ма хиллара, Товбецан-беттан 4-чохь Москох дарбанан клинике ГIалгIайчуьра дIакхачийра дегIа тIехь дуккха а чевнаш йолу 7 шо долу йоI.

Оьрсийчоьнан талламан комитетан ГIалгIайчуьрчу урхаллан белхахочо бехккховдийна 35 шо долчу Ганиева Макке, цо 7 шо долчу шен вешин йоIан Ажигова Iайшатан могашалла вуно талхорна.

"Таллам беш гучудаьлла, 2018-чу шеран Лахьан баттахь дуьйна 2019-чу шеран Товбеца-беттан 3-хь дийне кхаччалц ГIалгIайчуьрчу Соьлжахь ехачу Ганиевас хаддаза доьхка а, маршан кийсаг а йиттина хилар йоIан коьртах а, дегIах а", - аьлла ду Талламан комитетан хаамехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG