ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Австрехь нохчийн ловзаргахь дIовш даьлла хьешашна


Австрерчу Инсбрук гIалахь доьдучу тойнехь юучух дIовш даьлла, дарбан цIийне балийна иттаннашкахь нах. Мюлау кIоштахь хилла и инцидент, хаамбина "Кавказ.Реалиин" корреспонденто. 200 гергга стаг хилла барамаш дIахьочу ресторанехь вовшахкхетта, аьлла орцанхойн декъехь. Царех цхьаберш кхетамчуьра боьвлла хилла, вуьйжуш садукълуш, дог керчаш хилла.

Орцанхойшлара 65 санитар а, 5 лор а, полисхой а, цIеяйархой а хилла оцу цIийне тIекхайкхина. Цул совнах, орцах баьхкина хилла тIеман министраллан белхахой а, химин, биологин катастрофийн эксперташ а. 26 стаг ву верриг а дарбан цIийне кхаьчнарг. Оьшу гIо кхачийначул тIаьхьа берриш а цIа бахийтина уьш. Хьешашна стенах дIовш даьлла хилла, цкъачунна къастаза дуьсу. Полицино шен талламаш дIахьош бу.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG