ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Эстемирова дагалоцуш пикет дIахьон бакъонашларъярхой лецна Москвахь


Москвахь ЦIечу майданахь дIалецна бакъонашларъярхой Ганнушкина Светлана а, Черкасов Александр а, "Новая газетан" журналист Милашина Елена а. Майданахь плакаташца лаьттачу цара кхайкхамаш бора, "Мемориалан" хилла бакъонашларъярхо Эстемирова Наталья ер талла бохуш.

"Бакъонашларъярхо Эстемирова Наталья йийна 10 шо хьалха", "Иза йийнарш а, ен кхайкхийнарш а хIинца а каронза бу", "И муха мегар ду, господин президент?" тIеяздина плакаташ хиллера цаьргахь.

Иттех минотехь бен ца лаьттина пикет, баьхкинчу Китай-гIалин полицин белхахоша дIабигинера протестхой, "Мемориало" хаамбарехь.

2009-чу шарахь Товбеца-беттан 15-чохь лачкъийна йигира Эстемирова Наталья ша ехача цIенна гергахь лаьцна. Цуьнан белхан накъосташна хетарехь, полисхоша дина зулам дара иза. Масех сахьт даьллачул тIаьхьа цуьнан дакъа карийра ГIалгIайчохь. Герзаш диттина йийна хиллера иза.

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана цунна кхерамаш туьйсуш хиларх масийттазза хаамбира "Мемориалан" векалша.

Талламчийн официалан версица, "тIемалоша бекхам бина" Эстемирована, цо зорбане йоху материалаш бахьана долуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG