ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Иркутскан кIошташкахь хиллачу токхамашкахь лазийнарг 700 сов ву


Иркутскехь токхамаш хиллачу кIошташкара дарбан цIийне кхачийначу бахархойн терахь 700-нне лакхадаьлла. ТIаьххьарчу шина дийнахь лоьрийн гIо эшна 144 чевнаш хиллачу стагна, царех 78 лазартне охьавиллина, хаамбина ТАСС агенталле регионерчу орцан министралло. Верриг а дарбан хIусамехь ву 725 вахархо, ду царлахь 153 бер а. КIирандийнан зерашца, 647 вахархо вара дарбанна охьавиллинарг.

Карладоккху, байначу беттан 25-чохь Иркутскан кIоштахь хи тIедаьлла, 100 гергга эвла дIатакхийнера. Велира 26 стаг. 3,5 эзар хIусамаш ерриг а йохийна. 33 эзар стаг висина тховкIело йоцуш. Дахначу пIераскандийнахь тезетан де кхайкхинера Иркусткан кIоштахь.

XS
SM
MD
LG