ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIирмехь нохчо лацар толлуш ву нохчийн омбудсмен


ГIирмерчу Черноморскехь нохчочо меттигерчу вархочунна урс диттина аьлла, зорбанашкахь яьржина информаци толлуш ду шаьш аьлла, дIахьедина Нохчийчуьрчу омбудсмено Нухажиев Нурдис.

Кху беттан 11-чу дийнахь ГIирмерчу Черноморскерчу бара хьалха Нохчийчуьра вахархо лаьцна полисхоша аьлла, яздира "Комсомольская правда" газетано. Полицин урхаллан пресс-гIуллакххойн информацица, къаьркъа мелла иза конфликте вийла гIерташ хилла баре баьхкинчаьрца. Цара бахарехь, 49 шо долчу меттигерчу вахархочуьнца дов а даьккхина, уьрсаца тIелетта иза. ВорхI уьрсан чевнашца дарбан хIусаме кхачийна цо лазийнарг, Iонжар дIадаьккхина цуьнан. Ишта интернетехь Iораяьккхина видео а ю, цIийх вуьзна лаьттахь Iуьллучу жимчу стагах.

Error rendering VK.

Ша лоцучу хенахь зуламхочо дуьхьало йина полисхошна аьлла, яздора хаамехь газетано. Лаьцначунна дуьхьал бехкзуламан гIуллакх долийна, талламаш дIахьош бу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан полицин декъо.

"Оцу инцидентех лаьцна дуккха а хеттарш дуьсу. ЭргIадвохуьйтург ду, куьйгех гIемаш а тоьхна, оцу сурташ тIехь а, видео тIехь а лаьттахь Iуьллуш цIийх вуьзна стаг хилар. Кхеташ дац цу хенахь стенгахь ю полици, хIунда латтош ву цу хьелашкахь лаьцнарг", - билгалдоккху Нухажиевс.

ГIирмерчу шен коллеге дехар дина нохчийн омбудсмено и гIуллакх талла а таллий, жамIех шега хаамбе аьлла.

Иштта ГIирман прокуратуре а кхайкхамбеш бу цо кхааридийнахь, Нохчийчуьра ву аьлла Iораваьккхина вахархо дIалацар бух болуш дуй хьажа аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG