ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Венехь нохчочунна урс тоьхнарг овхIанхо ца хилла


Венехь Дунай хийистехь хIора шарахь дIахьочу музыкан (Donauinselfest) фестивалехь урс тоьхна, лазийнера Нохчийчуьра 26 шо долу жимстаг. "Кавказ.Реалиин" корреспонденте Венерчу полицехь хаамбарехь, чолхе чов лайначу цо меттавеанчул тIаьхьа, ша шек ву аьлла, шена тIелеттарг 22 шо долу овхIанхо вара аьлла. Полицин пресс-секретаран дешнашца, лаьцначо юьхьанца дуьйна а тIе ца дуьтура, ша зуламна бехкехилар. И шиъ дуьхь-дуьхьал хIоттийначул тIаьхьа, лазийначу нохчочо, бехкбоцург ву аш лаьцнарг аьлча, овхIанхочунна дуьхьал долийна гIуллакх сацийра луьстучуьра,

Дагадоуьйту, шена евзачу йоIаца цхьана фестивале веанчу Нохчийчуьрчу вахархочунна уьрсаца чевнаш йинера. Цу барамехь хилла цхьаъ кхуьнца йолчу йоIан карарчу тIоьрмигах ка а тоьхна, вада гIоьртинера. ТIаьхьаведда нохчо шена тIекхаьчча, цунна урс с тоьхна, къайлавала аьтто баьллера зуламхочун. Инцидент хиллачул тIаьхьа ши сахьт даьлча полисхоша шеконашца лаьцнера, оцу меттигна гергахь хаавелла 22 шо долу ОвхIанистанера жимстаг. Шинаридийнахь бехказваьккхина, маьршавитина овхIанхо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG