ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кубанехь леттачу нохчийн а, эрмалойн а бартхилла


Краснодаран кIоштарчу Водники эвлахь хиллачу инцидентех дийцина социалан машанашкахь Соьлжа-ГIалин мэран хьалхарчу гIовса Хаджимурадов Iийсас. Кху деношкахь Эрмалойчуьра а, Нохчийчуьра а бахархой вовшахлетта цигахь. Цу тасадаларшкахь лазийначо бохучунна тIе а тевжина, дуьйцу Хаджимурадовс, кегийрхой туькана баьхкича муьлш бу ца хуучу наха питана а дина, леттера аьлла.

Хьалхо интернетехь Iораяьккхинчу аудио тIехь цхьахволчу нохчочо орца доьхура махкахошка, шайна юха а тIелатахь а бохуш. Цо бахарехь, 30-40 стаг хилла кхарна тIелеттарг.

Мэран гIовсо кхайкхамбо меттигерчу бахархошка, шина а агIонна юкъахь барт а беш, дов дирзина, цхьанхьа а даха оьшуш дац аьлла. Ишта Хаджимурадовс даредарца, тIелеттарш галбоьвлла хилла, цара бекхамна лоьхурш Дагестанера кегийрхой хилла. Къаьркъа а мелла, эрмалойн зудаберийн кочаоьхуш хилла дагестанхой.

Прикубанскерчу полисхойн декъехь реза ца хилла "Кавказ.Реалиига" хиллачу ситуацех дийца.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG