ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Адамаш охьаоьгура, ша мозий санна"


Хасаев Адам

Нохчашна ловзаргахь стенах дIовш даьлла, ца кхета цкъачунна Австрера Iедал

ТIамехь лелош йолу газ, я юуург ен газ – ши верси ю Австрерчу Инсбрукехь, нохчийн ловзаргахь, дукккха а наханна ун далар толлучу хьукматийн. Хьал гиначарна а, дIовш кхеттачарна а хетарехь, цхьамма диверси йина нохчашна дуьхьал.

"Юуучух дIовш хилла"

"Ловзар доьрзучу кхаьчча доладелира дерриг а. Хьеший дIасабаха кечлуш бара, цIеххьана маьхьарий белча. Со накъосташца цхьана арахь вара, тхуна герз тоьхна моьттура, тхо чухьаьлхира. Нах арауьдуш бара, мохе вала гIертара хIора а. Амма уьш эгара, тиларчуьра а буьйлуш. Оха, охьаэгале, схьа а а лоьцуш, ара охьабехкира" – дуьйцу ловзаргахь хиллачу 200 стагна юкъарчу 30 шо долчу Асламбека.

Хьалхо "Кавказ.Реалиис" хаийтина ма-хиллара, нохчашна дIовш кху беттан 13-чу дийнахь кхетта. Зудаялийначара барамийн хIусам лаьцнера ловзар дIадахьа. Дерриг а шен лорах дIадоьдуш дара: кегийнаш декъалбар, ирсе нускал, чIиркъе хьийза гергарнаш, хелхарш.

Сарахь исс долуш хааделира гулбеллачарна ун. Гиначара дийцарехь, дуьххьара йовхарш етта йолаелира пехийн цамгарца йолу цхьа йоI. Цу сахьта тиларчуьра бийла буьйлабелира иттаннаш кхиберш. Дог керчара массеран а.

"Массарна а цхьана миноташкахь вон хила доьлла, оцо гойту ун юучух ца даьллийла", - аьлла меттигерчу "Тиролер Тагесцайтунг" (Tiroler Tageszeitung) газете Тироллан криминалан полицин буьйранчас Киршмайр Кристофа.

Полицино теллина ловзаргара массо а даарш, мерза хиш. "Тера дац даарх дIовш даьллачух" – боху экспертизано.

Цхьана зудчун тIоьрмиг чуьра тIеман газ?

Дукхахболучарна хетарехь, тIеман газ яржийна хилла ловзаргахь. Изза гайтина Австрин химин-биологин кхерамзаллин эскарера баьхкинчу говзанчийн хIо толлучу гIирсо а.

12 цIеяйъархо веанера бохам хиллачу метте. Шаьш бевлча, лийча дийзира церан, тIаккха дезинфекце дIаелира бедарш. Тиролерчу цIеяйъархойн декъерчу химикашка ца къастаделла, хIун газ ю дIавше яьлларг – гIирсо ца гайтина хIумма а.

Оцу бахьаница малбеллачу цIеяйъархоша дIаяьхна яххьаш тIера туьтмIаьжигаш – эццахь хааелла царна а, гIирсана а тIеман газ. Иза схьаяьлла меттиг ю аьлла, хьаьвсина говзанчаш цхьана зудчун тIоьрмигах. Амма кIоргга теллича, ца карийна бехке хIума.

Ткъа хIун ду хилларг? Хьалхара верси ю – цIе яьгча юьсу уьне газ. Юкъ-кара нисло Австрехь оцу газо зуламдеш. Стаг леш меттигаш а яьхкина. Масала, ши кIира хьалха Венехь елира, ягош йолу газ дIа а ихина, 20 шо долу йоI.

Газ йогуш IаьIачу уьне газо дийрриг ду нохчийн ловзарга баьхкинчарна хилларг: йовхарш, садукъдалар, догкерчар , тиларчуьра валар. Шех ун долуш йолу "меца" газ ца карийна хIо толлуш химикашна.

"Нохчашна дуьхьал терроран тохар"

"Тхуна иза теракт ю аьлла хета. Бакъду, тоьшалла дац, биохимин экспертиза чекхъяларе хьоьжу тхо. Амма и зулам леррина дича санна-м хета", - элира ловазрга баьхкинарш аратекхош, царна гIодеш хьийзинчу 27 шо долчу Сатуев Руслана.

Нах охьаэга буьйлалуш иза арахь хилла. "Цхьамма боху, шена кIайн газ гира, вукхара – цхьа тамаше хьожа яьржинера. Со оцу муьрехь арахь ву, суна хIумма а ца хааделла. Нах охьаоьгуш гира суна, ша мозий санна. Чохь яра оцу хенахь сан нана, айса наха ратекхочу юкъанна, иза лоьхура ас бIаьргашца. Наха рабаха чувалар доцург, со ца Iара оцу чохь. Амма ун сайх а хьакхаделлийла хааделира суна тIаьхьо. Гарехь, арарчу хIонах а хьакхалой, шен болхбан йолалора и газ", - дийцира Руслана.

Нохчашна дуьхьал диверси йина, аьлла хета 32 шо долчу Заремина а. Юххьехь дог малделлачех ю иза.

"Легашкахь къIолла яра цкъа хьалха, бурч ас кхаьллича санна. ЦIеххьана хьаьвдира бIаьргех хиш, хIо ца тоьара суна. ХIинццехь тиларчуьра йолу-кх со, ойла иккхира коьрте.

"Лоьрийн машена чохь метта беана Заремин кхетам. Дарбан цIийнехь анализ ян цIий эцна цуьнан, бедарш зийна. Шина сахьтехь меттаеана иза, дIахецна лоьраша. "Яцара цхьа а яьгна газ, ша ма-ярра нохчашна дуьхьал йина теракт яра", - тешна ю Зарема.

Цкъачунна жоп дац говзанчийн хиллачух дала. Химик Холцер толлуш ву. Ловзар доьдучу чоьнаш чохь хIо кIезиг хилла хир ду бохучу биста кхаччалц ю цуьнан версеш. Делахь а, хIо цатоаро са ца дукъдо, легаш, пехаш лаза ца доху, боху цо.

Хелцерна хетарехь, тIеман газ яржийна хила а тарло. Сурт ма-дарра листа оьшург ду мила, стенгахь вара ун даьржаш хаар, аьлла цо. Иза къастош ю полици.

Талламчаша левина ловзаргахь мел хилларг. Нах эгачу муьрехь а, тIахьо а ангалин шишанашка цхьаэцна хIо зуьйш бу эксперташ, элира "Кавказ.Реалиига" полисхоша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG