Кхаа шарна Украине ян шен дихкинчу миграцин хьукматна Житомирерчу Королевскан кIоштан кхеле латкъамбийр бу 23 шо долчу Махачкаларчу Мединас. "Кавказ.Реалиига" цо бинчу хаамца, стохка Лахьан-баттахь шайн пачхьалкхера иза ара а йоккхуш, кхаа шарна Украине ян дихкинера кхунна.
Низамашкахь ма хьоьхху, сацамбина итт де далале иск чуеллера Мединас, амма масийттазза а кхелан кхеташо дIатеттарна, хIинца а сацам банза бу тахана а. ТIаьххьара а кхело кху беттан 26-чу дийне дIаяьхьна кхелан процесс. Ша Медина Дагестанехь ю, ткъа цуьнан цIийнда Омаров Руслан Украинехь ву, ша оцу пачхьалкхехь дуьненчу ваьлла хиларе терра, паспорт схьаэца гIерташ.
Украинерчу Житомирерчу Богунскан кIоштан миграцин хьукмато тIеэцна бара боху Мединас ша пачхьалкхера арайоккху сацам, ша а, шен цIийнда а Украинан кхерамзаллан урхаллан белхахоша дIалаьцча.
Ишта Мединас дийцарехь, лаьцначул тIаьхьа, церан хIусамех хьоьвсина къайлахчу сервисан белхахой. Шена а, шен цIийндена а етта а йиттира, майрчун мара кагбинера, герз даьккхина, шена кхерамаш тийсира. ДIаяьхьира шайн гаджеташ а, цхьацца чуьра хIума а, кхача-сурсат а. ТIаьхьо дIаяьхьначех цхьайолу хIуманаш юхаелира боху зудчо. Шаьшиъ маьрша дитира, амма шен паспорт тIе мухIар таIийра, кхаа шарна Украине ян доьхкуш. Цул тIаьхьа Дагестане юхаера ша боху Мединас.
Махачкалахь ФСБ-н белхахой шен цIа а баьхкина, шен майрчун сурт гайтира шена боху цо.
"Украинехь тхоьца мел хилларг хууш дара царна. Бандеровцан зуда ю хьо элира соьга. ХIетахь кест-кеста тIамехь хуьлура Руслан",- дийцина Мединас.
Иштта кест-кеста кхуьнан гергарчаьрга хеттарш дан оьху, полисхой цIийнах хьуьйсу, Донбассерчу тIамехь Мединан цIийндас тIом барх информаци лоьхуш.