ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Цкъа а гина бацара олий, безачух хер ца ло даймохк


Кызыл-ту-хь (ГIиргIазойчоь) беха нохчийн ГабаевгIеран доьзал. ХIора кIиранах санна цхьаьнакхета уьш а, церан гергарнаш а: Далла Iамал ян, вовшашна ган, кегийчарна хьехамаш бан. Гулбеллачу царна тIенисвелира тахана Маршо Радион корреспондент. "Гуламан" коьртехь вара 79 шарера ваьлла Габаев Им-Iела. 40 шо ду иза Нохчийчохь хиланза, амма цо, шена шерра хааре терра, йовзуьйту къоман ламастийн, Iадатийн хазалла.

XS
SM
MD
LG