ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Умаров Жамболат: «…Кадыров Рамзана цхьаьнхьа лаьтта тоьхна герз стенна кхетта когах?»


Умаров Жамболат а, Кадыров Рамзан а
Умаров Жамболат а, Кадыров Рамзан а

Нохчийчоьнан къоман политикан, арахьарчу зIенийн, зорбан министра Умаров Жамболата «цIена фантази» ю боху, тIемало ву аьлла, лаьцна хиллачу Дасаев Iимранна мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана когах герз тохарх лаьцна яржийна информаци.

Кхеташ дац, Кадыров Рамзана цхьаьнхьа лаьтта тоьхна герз, стенна кхетта когах? Цхьа дико яздархо лаца везаш хиллера, блокбастерийн, бестселлерийн говзанча. Вовшах ца дозало, аьшпаш белахь а, цхьа маьIна долуш хила беза-кх уьш? «Керлачу газетах» дукха хан ю туьйранаш кхуллу хьоста олу, хала хеташ делахь а, гуш ду цуьнан и исбаьхьалла а йовш хилар. Церан [«Керлачу газетан»] оццул дукха шераш дара цхьа керла хIума кхолла, нах тешар берг. Стенна нисло-те тобанашна таIзар дар, тобанаш хIаллакьяр хIоразза а эскарна дукха хан йоццуш гIалин юккъехь хьалайоьттинчу керлачу хIусамехь? Цара и казарма стенна хаьржина хаьий шуна? Цо [полко] Кадыровн цIе лелош хиларна», - цитата ялайо РБК-но.

Шинарийдийнахь «Керлачу газето» материал арахецна, йина кхел а йоцуш, Нохчийчохь таIзарш латтадо, нах хIаллакбо, аьлла. Цо ч1агIдарехь, 2017-гIа шеран юьххьехь Соьлж-ГIаларчу Кадыров Ахьмадан цIарахчу полицин полкан декъа тIехь, бина таллам а, кхайкхийна кхел а йоцуш, 27 стаг вийна, тIемалошца зIенехь ву аьлла.

Верриг а х1етахь Iедало лаьцнарг 70 стаг хилла, боху газето. Царех цхьаъ, Дасаев Iимран, лоццушехь дIавигина мехкан куьйгалхочун резиденце, Кадыров Рамзана цигахь когах тапча тоьхна цунна, яздо «Керлачу газето».

«Эццахь Дасаев Iимран Iан ца велира, Кадыров карзахваьккхира цо ша цуьнан дех лаьцна аьллачу дешнашца. Рамзанан катоьхна, тапча яьккхира шена хадечун хаьнтIера, кхийса волавелира, бакъду, лаьтта а ерзийна. Цхьа даьндарг Дасаевн когах кхийтира (даьндарго шен некъ хийцина хила а тарло)», - боху газето.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG