ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Схьаэцна алапа бутт берзале кхачадо 75% нехан


Оьрсийчоьнан бахархойх кхо дакъа дуьсу, рогIера алапа схьаэцале, хьалха шаьш эцна ахча кхача а дой, боху онлайнехула кредиташ лучу "Робот Займер" сервисо, ша бинчу талламан жамIаш довзуьйтуш.

РогIера алапа даллалц юьсучу ханна 10 000 сом тIе ца тоьуш буьсу болх бечу нахах 40%.

Хеттаршна жоьпаш деллачу нахах 7% бен бац, хьалха схьаэцначу алапах дакъа чохь а дуьсуш, рогIера алапа оьцу шаьш аьлла.

ДIадахначу кIиранах Росстато (статистикан урхалло) бинчу хаамца, пачхьалкхехь бахархоша доккхучу ахчанна тIера цара Iедална дIалуш йолу ял, кредитийн проценташ, коммуналан харжаш дIаяьхча бухадуьсу ахча лахделла 1,3%.

Ткъа Центробанко а гайтина шен терахьаш: банкашна бахархой декхаре бу 15 триллион сом (кху шеран юьххьера хьал) – Оьрсийчоьнан долахь долчу дешин ах дакъа хуьлу и барам.

Пачхьалкхан Ларамаш бечу Палатин куьйгалхочунна Кудрин Алексейна хетарехь, "эхь тIедохьучу къоьллехь ю Оьрсийчохь". И къоьлла кхидIа а кхуьуш йисахь, революцин хьал тIехIотта мега, аьлла цо.

Жоп луш, Оьрсийчоьнан президентан пресс-гIоьнча Песков Дмитрий къера хилла "арахьарчу экономикан коньюнктурица а, кхин а цхьацца кхечу бахьанашца а доьзна, мелла а бахархойн таронаш лахъелла" хиларх. Амма иза дац къоьлла лакхаяьлла бохург, аьлла дерзийна Песковс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG