ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Стаг шен вашас вийначух тера хета ГIалгIайчоьнан полицина


Шолжехь (хьалха – Сипсу-ГIала, Орджоникидзевская) еарийдийнахь 45 шо долчу стеган дакъа карийна меттигерчу бахархошна, хаамбо ГIалгIайчоьнан полицино.

" Стаг коьртах герз тоьхна вийна. Талламо гайтарехь, чохь-цIахь къовсам иккхинчохь иза шен жимахволчу вашас вийначух тера ду, Макаровн системин тапчанца. Зулам диначохь тапча а, кхийсина патармаш а карийна, уьш экспертизе хьовсийна. Зераша гайтарехь, лаьцнарг маларх кхетта хилла", - боху полицино.

Кхелхинчун 42 шо долу ваша лаьцна, хьалха адам дерна а, къола дарна а набахтехь хан текхна ву иза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG