ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТаIзар ца деш витина Путин "сийсазвина" электромонтёр


Оьрсийчохь дуьххьар таIзарх кIелхьарвалийтина Iедал ца ларарна жоьпе озийна, президент Путин Владимир сийзасвеш интернетехь йозанаш дина вахархо. Цунах лаьцна шен Telegram-каналехь хаам бина "Агора" бакъонашларъярхойн вовшахтохараллан векало Чиков Павела.

Вуьйцург ву Архангельскан махкарчу Котлас гIалара электромонтёр Попперека Дмитрий. Цуьнга бехк кховдийнера Iедал ца ларарна, меттигерчу пенсионеро Ильина Ольгас прокуратуре латкъам бинчул тIаьхьа. Цу зудчо бIаьрг биллина шен тергонехь латтош ду "Вконтакте" социалан машанехь наха юьтуш йолу комментареш, шена уьш ца тайна меттиг нисбелча низамашлардечу органашка кехаташ а дохьуьйтуш.

Цу йоккхачу стага иштта Путин а, шайн губернатор Орлов Игорь а сийсазвина аьлла лаьррера электромонтеро Попперекас, цо социалан машанашкахь йитинчу комментарешкахь.

Котласерчу гIалан кхело сацийра Попперекана дуьхьал долийна бехктакхаман гIуллакх, цо дина йоза зулам дац аьлла. Пенсионеро Ильинас латкъам бина жоьпе озийна йолчу меттигерчу яхархочун 30 эзар сом гIуда туьйхира оццу кхело, губернаторх Орловх лаьцна цо яздинарг низамо магийна дац аьлла.

"Агора" бакъонашларъярхойн вовшахтохараллан векало Чиковс иштта хаам бина, "Iедал ца ларарна" жоьпе озийначу кхечу цхьана стагах лаьцна а. "Курган Бессмертия" олучу хIолламна улехь реггетон олу хелхар дарна кхело 30 эзар сом гIуда тоьхначу йоIанна тIехIутташ видео яккхарна протокол хIоттийна цунна полицино Брянскерчу вахархочунна. Цу видеон тIехь цу стага оццу хIолламна уллехь, тӀехкхийсалург карахь а йолуш, масийтта трюк йина, хелхаволун кеп хIоттош. Цу стага дIахьедар дина Оьрсийчуьра кхелан система, юкъараллан проблемаш а йитина, ца оьшург лелош ю аьлла.

Интернетехь Iедал а, пачхьалкхан символш а сийсаз ярх лаьцна низам болх бан доладелла Оьрсийчохь кхушара Зазадоккху-беттан 29-хь дуьйна. Цуьнца а догIуш, Iедалхой сийсазбеш, царах цавешаш, Оьрсийчоьнан пачхьалкхан символш а, Конституци а, Iедалан органаш а ларам боцуш, томехь йоцчу кепехь хьехийначарна таIзар дан догIуш ду 3-5 эзар сом гIуда тохарца, я 15 де-буьйса набахтехь даккхийтарца.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG