ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Москох центре полици оьзна. Лецна Гудков, Жданов, Соболь, кхиберш


Тахана мэрера пурба доцу гулам хIуттучу Москох центре полици а, Росгвардин дакъош а оьзна. Оппозицин векалш пачхьалкхан коьрта шахьаран Думе депутатийн кандидаташка харжамийн комиссино ца язбарна резабоцурш дIалехьош ду Iедал.

Коррупцица Къийсам Латторан Фондан директора, кандидаталле ца вуьтуш висинчу Жданов Ивана хаамбина, ша лаьцна, аьлла. Цул тIаьхьа лецна кандидаташка язбала гIерта Гудков Дмитрий а, Галямина Юлия а, Соболь Любовь а. Хьалхо лаьцна, полицехь латтош ву политик, оппозиционер Яшин Илья.

Дуккха а оппозиционерийн хIусамашка бахана, царна цIийнах хьаьвсина ницкъхой.

Протестан хьалханчаша, шаьш дац магийна йоцу акци хIоттош, депутаташка кандидаташ ду, бахархошка дистхила гулделла, боху.

Ша "дегI меттахдаккха, вада араваьллера, мэрина хьалха кхаьчча, сацийна, лаьцна полисхоша", яздира гулам болабала ши сахьт дуьсуш, Iуьйранна, Москох вехачу дизайнеро Коновалов Константина твиттерехь.

Аьчка керташ хIиттийна, цаьрца къевлина Тверан а, цунна гонахара а урамашкара гIашлойн некъаш полицино.

Лецначийн терахь 200-нал сов ду, хаамбина делкъал тIаьхьа "Дождь" телеканало.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG