ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

КадыровгIарех даций хьан илли, яхийта сцени тIера


Оьздангаллин министраллаца дага а а ца буьйлуш, иллеш алар артисташна дехкарца шаьш нохчийн ламасташ Iалашдан гIерта аьлла Нохчийчоьнан Iедалхоша, амма юкъараллехь кхин бахьанаш даладо. Масала, КадыровгIеран доьзал базбеш иллеш олурш бен сцени тIехь ца бита гIертар.

Нохчийчохь юьхьаръерзийна филармони кIел боцчу артистийн кхолларалла. Меттигерчу телехьожийлехь дукха хан йоццуш емалбина цхьаннах бозуш а боцуш, шайн лаамехь иллеш олурш республикан културан министро Дааев Хож-Бауддис. Ца ваьллачу денна вистхилла ша аьлла, дIахьединера министро. Ишта цо бахарехь, и къамел дуьххьара а дац, кхул хьалха а дийцарш хиллера цуьнан оцу кегийрхошца. Амма цара пайда ца беана.

"Нохчийн културан авторитет ца йожон гIертар" ду аьлла синбахамаллин министралло, оцу иллиалархошна бехкамаш бар. Ткъа юкъараллехь кхечу кепара хьежамаш бу оцу хьокъехь.

Республикехь кхоллараллана тIехь а монополи дIахIотто лаарца юкъадаьккхина хIума ду аьлла, тешна ву оппозицин блогер Абдурахманов Тумсо. Цунна хетарехь, "нохчийн гIиллакхех" доглозуш юкъадаьккхина дац и дехкар.

"Конкуренци дIаяккха Iалашонца юкъаялийна цезура. Гуш ма ду, и иллиалархой гоьбовлар а, Кадыровн артисташчул а мах цара лахара боьхуш хилар а. Цундела оцу некъашца церан бага лакъо гIерта", - аьлла, хета Абдурахмановна.

Ишта шайн куьйгакIел эцна Нохчийчуьрчу културан министралло зуда ялийча хIоттон ловзар а. Филармонехь болх беш боцу артисташна некъ бехкар хьоьхуш, "болх дIабаьхьна" шаьш аьлла Дааевс, махкарчу ловзарш хIитточу банкетан хIусамийн долахошца а. И бакъхилар тIечIагIдина Соьлжа-ГIаларчу цхьана цIийнан белхахочо а. Шайн хIусамехь иллеш ала кечбеллачу артистех шайга информаци кхачор тIедожийна министраллан векалша аьлла, дийцина белхахочо.

Иллеш ала магийначу а, дихкинчу артистийн кечдина тептар дац аьлла Соьлжа-ГIаларчу кхечу банкетан цIийнан белхахоша. "Ловзарга кхайкхинчу артисто синбахамаллин министраллаца ша бартбина, цаьргара бакъо еха еза", - аьлла, кхетийна къамел динчо.

Рамзан а, цуьнан доьзалш а базвен илли

Културехь официалехь болх беш болчу артисташа санна, шайн иллешкахь мехкан куьйгалхо Кадыров а, цуьнан доьзалхой а базбеш цахиларца доьзна хила а тарло артистийн кхоллараллехь цензура чIагъяр.

КадыровгIар хестош юкъаяьккхинчу жанран хьалханча хилла дIахIоьттина нохчийн халкъан иллиалархо Межиева Макка. "Беной кIант" аьлла, цо арахецначу композицино некъ баьккхира тIаьхьабогIучарна а Нохчийчоьнан куьйгалхо а, цуьнан гергара нах а хестош иллеш ала.

Делахь а цхьа Рамзан вазвина ца Iа иза. Регионан куьйгалхочун цIийнах мел волчунна а иллеш доху Межиевас: дена Ахьмадна а, нанна Айманина а, хIусамнанна Кадырова Меднина а.

Ала дашна, Кадыров Рамзанан да валарх а яьккхира Межиевас йиш.

Макка бахьана долуш музыкехула КадыровгIар базбар цхьа мейнстрим хилла дIахIоьттина. КадыровгIар хестош дукха иллеш шен репертуарехь хиларца къовсавала таро йолуш ву къона иллиалархо Эсамбаев Iийса.

Цуьнан хIара илли-м ирахь бен тIеэца йиш йолуш а дац.

"Нохчо" иллиалархойн тобано а дIаолу мехкан куьйгалхочух лаьцна илли. "Баркалла, паччахь" цIе ю композицин.

Цундела цецволийла дац, музыкехь юкъаяьллачу модаца а догIуш, меттигерчу Iедалхошна оьшуш цахилар "дикачу паччахьах" иллеш олуш боцу артисташ. Цундела сценитIера церан хIу дайа гIерта.

Материал оьрсийн маттахь "Кавказ.Реалии" портална кечйинарг Романова Софья. Гочдинарг Димаева Лиза

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG