ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дагестанехь кхело нийса лерина журналистана Гаджиевна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх кхоллар


Журналист Гаджиев Абдулмумин дIалаца сацам бира кхело кхушеран Мангалан-беттан 16-чохь
Журналист Гаджиев Абдулмумин дIалаца сацам бира кхело кхушеран Мангалан-беттан 16-чохь

ХIинжа-гIалан Советскийн кIоштан кхело юхатоьхна "Черновик" газетан корреспондентана Гаджиев Абдулмуминана дуьхьал бехктакхаман гIуллакх долорна бина латкъам, хаам бо Кавказ.Реалиино.

Журналистан адвокаташна хета, талламхочо цунна дуьхьал, бахьана а доцуш, бехктакхаман гIуллакх кхоьллина аьлла. Иштта цо бинчу сацамна бухе диллина ду ницкъаллин структурийн шина белхахочо яздина рапорташ, амма дуьйцуш дац муха дина Гаджиевс шена бехке дохку зуламаш.

Адвокат Шабанов иштта гIоьртира кхелан тидам тIебахийта, бехкбиллархоша бехктакхаман гIуллакх долор бух болуш хилар гойту цхьа а тоьшаллаш далийна цахиларна тIе.

Амма кхело тидаме ца оьцуш битира латкъам, бехктакхаман гIуллакх долор низаме диллича нийса ду аьлла.

Гаджиев бехке веш ву шен артикалшца цо ешархой ахча дала тIекъабеш хилла хиларна Ахмеднабиев Исраилан (Саситлинский Абу Iумар цунах) "Ансар" фонде. Цунна кхел ян дагахь ду Iедалш терроран тобанна юкъахь дакъалацарна а, терроризмна а ахча гулдар вовшахтохарна а.

Талламахойн версица, Гаджиевна хууш хилла фондо гулдинчу ахчанан цхьа дакъа "Исламан пачхьалкх" экстремизман тобанан хьашташна хьажор хиларх лаьцна. Гаджиевс газетехь биан хаамаш бахьана долуш, цхьаболчу наха ахча делла "Исламан пачхьалкх" тобанна лаххара а 6 миллион сом дIахьажийначу "Ансар" фонде, боху талламхоша.

Гаджиев бехке веш кечдинчу кехата тIехь кхин дIоггара яздина дац цо динчу зуламан чулацамах лаьцна. Хьахийна ю, талламхошна хетарехь, журналисто нах Iехош язйина артиклаш.

Талламхоша бина сацам бешча гуш ду цара тидаме эцна цахилар зулам дарна шеко йолуш лаьцна латтош волчу Тамбиев Кемала дина тоьшаллаш. Хьалхо Тамбиевс дIахьедар динера, Саситлинскийна ахча гулдеш Гаджиевн "Вконтакте" социалан машанехь агIо хиларх лаьцна шена кхечу стагера хиира аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG