ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Вежараллин гIап": прокурор – талламча – полисхо - кхел


Загидова Марьям

ГIебарта-Балкхаройчохь дIакъевлина полицерчу экономикан кхерамзаллин а, коррупцина дуьхьалояран а урхаллин куьйгалхочунна Куралаев Рустамна а, чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин кхерамзалла Iалашъечу декъан шина талламчина Жашуев Рустамна а, Шикляшев Заурбекна а духьал гIаттийна бехктакхаман гIуллакх. Оперативан белхахочунна Бачканов Хьасаншина гIелояр толлуш шеконе эцна бара уьш.

Пхи шо даьлла дов айдина. 2014-чу шарахь лецира вуьйцу кхо полисхо. Ах шарахь латтийра уьш изоляторехь, цул тIаьхьа дIахийцира, шайн цIахь совцар, чу-ара цабовлар тIе а дожош. ТIаьххьара а маьршабитира, махкара арабовла а дихкина.

"Коьртах, ахкаргех йиттина"

Куралаев Рустаман куьйга кIел болхбеш хилла Бачканов Хьасанша.

2014-чу шеран Стигалкъекъа-беттан 12-чохь, Iуьйрана 6 сахьт даьлча, Куралаевс, Жашуевс, Шикляшевс Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин кхерамзаллин декъан цIенна чу а ваьккхина, йиттина Бачкановна, "Кавказ.Реалиига" цуьнан нанас Курманова Нюсяс дийцарехь.

"Цхьана белхан накъосто шен тапча яккхина алий, харц тоьшалла ден бохуш, йиттина цунна. Хьасаншас ца дина и тоьшалла. Коьртах, ахкаргех йиттина. Цхьана кехаташна буха куьг яздайта гIиртина цуьнга, цо ца яздеш, вехха хьийзийна цара иза", - дуьйцу нанас.

Талламан комитете ша яздечу орзехь, шена еттачу юкъанна ша резахилира балхара дIаволу аьлла рапорт яздан, тIаккха шена лазар лахден молха малийра, халла когаш тIехь лаьтта ша гIишло чуьра аракхоьссира цул тIаьхьа, боху Бачканов Хьасаншас. Иза вочу хьолехь а волуш, тIекхиина цунна гергарнаш, цара дарбан цIийне вигина.

Межеш лазийна, дарбан цIийнехь а Iуьллуш, Талламан комитете арз яздина Бачкановс – сихха айдина бехктакхаман дов. Йинчу еа экспертизано гайтина цуьнан пIендарш кегдинийла, корта лазийнийла, йиттина, ахкаргаш лазадаьхнийла.

Бехкенаш дIахецар дехна хьаькамаша

Куралаев, Жашуев, Шикляшев лецна, Ессентукерчу изоляторехь латтийна эха шарахь, амма чуьра ара ца волуш, цIахь саца декхаре а вина, дIавахийтина Ставрополан мехкан кхело.

Кхело шен сацамехь юьхьаръэцна ГIебарта-Балкхаройчуьрчу баккхий хьаькамаша полисхой дIахецар доьхуш яздина кехат.

Полисхой лецначуьра дIецар дехна ГIебарта-Балкхаройчуьрчу хьаькамаша
Полисхой лецначуьра дIецар дехна ГIебарта-Балкхаройчуьрчу хьаькамаша

Куралаев а, Жашуев а, Шикляшев а балхах вохийна вац, полицин белхахой бу, боху кхело шен сацамехь. Кхело шайн цIера чу-ара бовла цамагош бина сацам а болуш, полицерчу хьаькамаша балха лела магийна царна – бакъду, хийцийтина даржаш. Масала, Черек къоштан полицехь болхбеш ву Куралаев Рустам.

Дуьххьара Бачкановна еттар талла долийнарг яра Талламан комитетан Къилбаседа Кавказера урхалла. Цо дIахьединера? Бачкаров Хьасаншина йиттинарш цуьнан шен коллегаш бу, аьлла.

Талламчийн версица, Стигалкъекъа-беттан 12-чу дийнахь, "тапча яр низамехь луьстучу меттана, чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин кхерамзаллин цIа чохь ницкъ бина Бачкановна" Куралаевс, Жашуевс, Шикляшевс. Бачкановн могашаллина дина зен юккъерчу барамера ду, аьлла талламо.

"Тхо хилла дац цигахь"

Шо даьлча бехктакхаман гIуллакх дIаделла ГIебарта-Балкхаройчуьрчу талламчашка. Дайна цунна юкъара коьрта тоьшаллаш. Оцу хьоланна тIе а тевжаш, 2017-чу шеран юккъехь Нальчикерчу кхело талла юхадахьийтина гIуллакх.

Молов Муратан карабелла таллам, ткъа цо бехктакхаман гIуллакх дIакъевлина. "Бачкановна еттарх долу факташ бакъ ду, амма Куралаев, Жашуев, Шикляшев бехкеван оьшу тоьшаллаш тоъал дац", - боху "Кавказ.Реалиига" кхаьчначу талламчин сацаман копи тIехь.

Бехктакхаман гIуллакх дIакъевлина талламчас
Бехктакхаман гIуллакх дIакъевлина талламчас

Шаьш бехкедацар чIагIдо полисхоша а. "Стилкъекъа-беттан 12-чохь хиллачуьнца доьзна, барамаш бара дIахьош. Бачкановца цхьаьна кхин а цхьа белхахо вара хаттам бан тIекхайкхина. Бачканов, ша лур дац хеттаршна жоьпаш, аьлла, дIавахара шен хьакамца цхьаьна. Пхи шо даьллачул тIаьхьа тхан хьокъехь бинарг нийса сацам бу", - аьлла полицерчу экономикан кхерамзаллин а, коррупцина дуьхьалояран а урхаллин хьаькам лаьттинчу Куралаев Рустама. Ткъа цуьнан коллегас Жашуев Рустама, шена гина а вац Бачканов шаьш шена йиттина бохучу дийнахь, боху. "Оха массаьрга а олу, тхуна оцу дийнахь а, я цул тIаьхьа а гина стаг вац иза. Тхо цигахь хилла а дац", - элира Жашуевс "Кавказ.Реалиига".

Махкара арабовла дина дехкар тIерадаьккхина полисхошна. Реабилитаци еха бакъо а ю церан хIинца. Амма Бачканов Хьасаншина хетарехь, низамехь дац бехктакхаман дов дIакъовлар. Цундела прокуратуре арз дахьийтина цо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG