ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Низамо гуламашна тоьхначу гурашкахь 


Черкес Лариса

Низам шардаро гуламашка бийла маршо лур юй Адыгейн бахархошна?

Нахана гуламашка муха, муьлхачу меттигашкахь бовла мега къасточу низамехь цхьалхачу пикетех дерг билгалдоккхуш, керла юкъадалораш арахецна Адыгейхь. Хийцамаш бан мехкан парламент декхарейинарг ю бакъоларъен "Мемориал" центр цо мехкан прокуратуре кехат дахьийтинера, Адыгейн депутаташа хьалхо тIеэцначу низамехь бахархошна дина дехкарш ца догIу федералан низамца, аьлла.

Оьрсийчоьнан "Чоьнаш чохь а, арахь а дIахьочу гуламех, демонстрацех, адам вовшах а кхетта, дIасадоладаларх" цIе йолчу низамо регионашна бакъо юьту, меттигерчу хьелашка хьажжина, бахархошна барамаш хIитто магош йолу кеп хийца. Ткъа Адыгейрчу парламенто къастонза йитинера и агIо. Цундела полици шен лаамехь хьийзара цхьалхачу пикеташка буьйлучу нахаца – я магадора пикет хIотто я лоьцура. Ткъа федералан юкъарчу низамо ца бо бехкамаш пикетхошна, декхаре вац пикете вериг Iедале бакъо еха.

ХIинца мехкан куьйгалхочо Кумпилов Мурата тIечIагIдинчу низаман керлачу декъо маршо ло бахархошна пикеташка бийла.

Шена оьшучу гуламашна сихха бакъо ло Iедало

"Адыгэ Хасэ" юкъараллин куьйгалхочо Негуч Шамсудина дийцарехь, Адыгейхь цхьа а проблема яц Iедало шен аьттонна хIитточу гуламашца.

"Iедало я, цуьнан хьукматаша, нах а гулбой, парггIат дIахьо шена оьшу барамаш. Амма Iедална кIеззиг а критика ен барам хьо хIотто воьлча, бакъо ца ло. И тайпа дехар диначух оцу сахьта пачхьалкхан мостагI во. Ткъа цхьалхачу пикете хIотта магадо: полисхой тIебогIу, документашка а хьовсий, гергамбеш Iадлаьтта", - боху Негуча.

Луларчу мехкийн бархоша дийцарехь, изза хьал ду ерриг а Къилбаседа Кавказехь. Краснодаран махкарчу Саипова Асията дагалоьцу 2012-чу шарахь, гулам дIабахьийтахьара шега бохуш, ша Iедале дехна мур. Цо бахарехь, Краснодар гIалин куьйгалхоша пикет ца хIоттаяйтина цуьнга Чергазийн Тезетан, Дагалецамийн дийнахь - Стигалкъекъа-беттан 21-чохь.

"Ас сайна пикете хIотта пурба дехна меттиг сол хьалха дехначу наханна дIаелла, элира соьга. Ас цул тIаьхьа 22-чу а, 23-чу а деношкахь дехар чуделира, амма эрна хилира, сол хьалха дехначара ас йоьху меттиг дIалаьцна, бохура юха а. Суна рогIерчу Мангал-беттан 6-чу денна бен ца магийра пикет хIотто", - дагалоьцу Сапиевас.

Саипован дехаршна дуьххьал Краснодарерчу хьаькамаша кхехьийтина жоьпаш
Саипован дехаршна дуьххьал Краснодарерчу хьаькамаша кхехьийтина жоьпаш

Асията дийцарехь, цуьнга ца баьхна "хIан-хIа". Амма магош хилла адамаш лелаш а доцчу гIалин йистехь, я геннарчу паркехь пикет хIотто. " Бакъду, яс ехча, соьга кхечара дIалаьцна ю боху меттиггаш хуьлура еса, цхьа а ца хуьлура цигахь гулам я кхиболу барам дIахьош. Аьшпаш буьттура. Аьшпаш боттарна таIзар деш хила-х дезарий", - бохура зудчо шен "Кавказ.Реалиица" хиллачу къамелехь.

"Тхоьга тхо кхеташ доцург а яздина, юьстахбевлира"

ГIебарта-Балкхаройчуьрчу "Жьэгу" ("ХIусам") юкъараллин декъашхочо Багретова Ольгас дуьйцу, шеца хилларг.

"Цхьалха пикет яйтар Iедале деха оьхуш дацахь а, со а сан коллегаш а лийцира министрийн кабинетан цIенна хьалха. Тхо, вовшашна юкъахь 50 метр а йолуш, цхьацца лаьттара. Амма гоне лийцира Росгвардино а, полицино а. Делахь а, цул тIаьхьа шапсугийн къаночун Гвашев Русланан агIо лоцуш хIоттийначу пикетехь ца хьедира тхо", - дуьйцу Ольгас.

2018-чу шеран аьхка, Оьрсийчохь "Дешарх" цIе йолу низам тIеоьцучу муьрехь, Нальчикерчу администрацига гулам хIоттабайтар дийхира ГIебарта-Балкхаройчоьнан Юкъархойн ТIехьажаран комиссин декъашхочо Жемуха Заура. Хилларг иштта довзуьйту цо "Кавказ.Реалиина":

" Школашкахь ненан меттан сахьташ хедош дара и низам, оха администраце кехат чуделира, гулам байтар доьхуш, Тхоьга тхо кхеташ доцург а яздина, юьстахбевлира хьаькамаш".

Стенна тоьу шуна шайн каракхочу ахча?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG