ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Дегахула а, ненехула а ницкъбора хьалха"


"Грозный" телеканалан эфирехь бехказвуьйлу кхиазхо

Нохчийн телехьожийлан эфирехь хIунда гечдар доьхуьйту берашка?

ТIаьххьарчу цхьана кIиранчохь "Грозный" Нохчийчоьнан пачхьалкхан телеканалан эфирехь ши сюжет гайтина, "цатовш долу хIумнаш" лелийначу кхиазхошкара бехкаш дохуш.

Инстаграмерчу посташ бухахь меттигера Iедалхой емалбеш язйина комментареш дуьхьалъяьхна 16 шо долу Ахматов Мохьмад велха а воьлхуш, бехказвуьйлу. Цуьнан дIахьедарш "экстремистийн" ду бохуш, дуьйцучу телеканалан корреспонденто бахарехь, полисхошна гучуваьлла и кIант.

"Дозанел а арахьа" бехачу наха "ир-карахIоттийнера" ша бохуш, дохковуьйлу жимстаг.

"Интернетехь а, социалан машанашкахь а Iехийнера со, соьца бала боцчу наха. Доллу нохчийн къомах а, Iедалх а лаьцна яздинера ас. Бюджетера алапа мел догIург кафир ву яздира ас. Со чIогIа докховаьлла, со интернетехь Iехийнера. Сайгара цу кепарниг кхи ца далийта хьожур ву со. Ас гечдар доьху сайна доллу нохчийн къоме", - аьлла ролик тIехь Ахматов Мохьмада.

Гайтаме ду, оцу кIантаца кхето-кхиоран болх дIахьош "Грозный" телеканалан директор Дудаев Ахьмад а, Нохчийчоьнан муфтий Межиев Салахь а хилар а.

"Муфтий мукъа стаг ма вац, цуьнан бан безаш дуккха а болх ма бу. Амма хIетте а Iедална гергарчу наха цу кепара цхьанакхетарш дIахьо, кхетам ло галваьллачунна", - аьлла, дийцина "Кавказ.Реалии" порталца хиллачу къамелехь "Грозный" телехьожийлан директоро Дудаев Ахьмада.

"ХIун гIуллакхаш ду муфтийн? 45 минотехь хиллачу эфирехь кхета а кхеташ, шен лаамехь хан яьхьна цо", - аьлла, роликех шена хетарг дийцинчу социолога, Къилбаседа Кавказан эксперт волчу Соколов Дениса.

ШолгIачу сюжетехь масех жимстаг ву (воккхахволчун 19 шо ду боху телеканалан корреспонденто). Цаьргара бехкаш доху, Инстаграмехь гоьевллачу шайн аккаунтийн агIонашкахь ролик чохь маьттаза лерина контент зорбане яккхарна.

Хьалхарниг а санна, шолгIаниг а массо а къинтIера а воккхуш, йоьрзу.

"Тхан ламасташца, гIиллакхашца догIуш ду, нагахь санна, жимчу стагера ледарло яьллехь, цуьнан цIийнах, тайпанах мел верг тIе а гулвина, цуьнгара даьлларг дийцаре деш. Ишта лелаш хIума ду иза, цхьа а сийсазвеш дац тхо", - аьлла Дудаевс.

Шен цIе яккха ца лиъначу нохчийн бакъонашларъярхочо билгалдоккху, нахана юкъа дIа а хIоттийна, бераш юьхьIаьржа хIиттор - республикерчу Iедалхоша керла юкъадалош долу "ламаст" ду аьлла.

"Нагахь санна, оцу берера цхьаъ даьллехь, иза шен дега а, нене а дIахьедеш хилла ду, цара шаьш кхетош хуьлура шен доьзалхо, - аьлла, дийцина цо "Кавказ.Реалиица" хиллачу къамелехь бакъонашларъярхочо. ТIаккха тIехь ницкъбар ца хуьлу цунах. Цу тайпа ледарло ялийта мегар доций дIахоуьйту берашна. Амма хилла дац цкъа а, и стаг нахала а ваьккхина, цуьнгара бехкаш дохуш. Делахь а, тIаьххьарчу заманчохь дерриг а ийна ду ОблонскийгIеран хIусамехь. Цара (нохчийн Iедалша) тIеIаткъамаш бо берашна а, зударшна а, церан гергара божарий юьхьIаьржа а хIиттош".

Тоххара пачхьалкхан "Грозный" телехьожийлехь бехкаш дохура баккхийчаьргара, ткъа хIинца берашна а тIебирзина.

Оьрсийчуьрчу Human Rights Watch программан директоро Локшина Татьянас тидам тIебахийтарца, шо хьалха полисхошна кхиазхоша тIелатар динчул тIаьхьа юкъадаьккхина хIума ду иза.

"Кхиазхой, шайлахь 11 шо долу кIант а цхьана, тIелеттера полисхошна, - дагадоуьйту цо. ХIетахь дуьйна, кегийрхошна тIехь лерина терго латтош ю. Школийн диреторшна а, хьехархошна а тIедиллина, беран хьокъехь цхьа шеко кхоллалахь, шайга хаам бе аьлла".

Тахана Нохчийчохь долчу хьолаца, 16 шо долчу кIатаца гайтинчу сюжетех цецволийла дац, Локшинас бахарехь.

"ХIаъ, кхеташ ду, дера адамийн бакъонашца а, Оьрсийчоьнан низамашца а, дуьненаюкъарчу бакъонца дуьстича, цу тайпа ситуаци - хила йиш йоцург ду. Дуьненахь лелачу бакъонца, дегара а, ненера а бакъо ца хилча, берашца манипуляцеш лелайойла дац",- боху Локшинас.

Кхеташ ду, цу кепара сюжеташ, церан йохалле хьаьжча а, цу эфирехь дакъалоцучу нахе а хьаьжча а, - цхьаболчеран маршо къовлу гIирс, вукхарна сигнал а ю.

"Мел дукха хан ю Нохчийчохь муьлхха а Iедалхошца бIостане хилар хIаллакдан гIерта. Партица а, Iедалан урхалхошца а бIостане дерг - хила йиш йоцург ду. Нохчийн Iедалхоша тIом кхайкхийна, махкахь хуьлург арадоккхучу хаамийн гIирсашна, муьлхха а нахала долу хIума хууш хила дезаш ду", - боху Локшинас.

Къайле яц, шайна цатовчу публикацешна нохчийн Iедалхой тIаьхьабевлла лелаш хилар. Социалан машанашкахь жигара хьийзар бахьана долуш, шайн дайшкахула Iедалхой шайна Iаткъамбан буьйлабелча, махкара арабовла безначу кегийрхойх масалашца дийцира Соколовс.

Делахь а, цецвийла хIума дац боху цо, и "ламасташ" ша ишта кхиа а кхуьуш, даьржаш ду Нохчийчохь аьлла хета экспертна.

Хьажа комменташка

Нохчашна хан тохар нийсонца хуьлу аьлла хетий шуна?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG