ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Израилан антитерроран штабо бинчу сацамна реза вац Кадыров


Израиль -- Израилерчу Абу-Гошехь шаьш дина маьждиг схьадоьллуш гулбеллачу нахана хьалха къамел деш ву Кадыров Рамзан, Заз. 23. 2014
Израиль -- Израилерчу Абу-Гошехь шаьш дина маьждиг схьадоьллуш гулбеллачу нахана хьалха къамел деш ву Кадыров Рамзан, Заз. 23. 2014

Израилан терроризмаца къийсам латторан штабо цIечу тегIане яьккхина Нохчийчоь, цига бахар шайн махкахошна вуно кхераме хилар гойтуш. Цунна реза воцучу Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана цу хькъехь дIахьедар дина, и сацам цхьа а доцург ду аьлла. Цо дехар дина цу документан авторе, Нохчийчохь йолчу цхьана терроран тобан мукъане а цIе яккха аьлла.

Кадыровс Нохчийчу кхайкхина Израилан терроризмаца къийсам латторан штабан векалш, республикерчу хьолана мах хадо. Нохчийчоьнан куьйгалхочо шен дIахьедарехь билгалдаьккхина, Нохчийчохь яц я хир а яц терроран вовшахтохараллаш аьлла.

Кавказ.Реалиин корреспонденто дийцарехь, Нохчийчу шайн махкахошна баха кхераме ду аьлла хаам бинера "Некъа волуш хаийтар" олучу декъехь Израилерчу антитерроран штабо. И хаам беша аьтто бу иврит маттахь. Нохчийчоьнах лаьцна болу хаамаш язбина бу цIечу басахь.

Циггахь зорбане даьккхина ду Google картан дакъа а. Цу тIехь Нохчийчоь гойтуш ю тIаьIначу сира басахь.

"Нохчийчоьнах лаьцна" рубрикехь иштта аьлла ду: "Нохчийчоь исламан республика ю Оьрсийчоьнан къилба-малхбузехь Iуьбллуш йолу, коьрта гIала Соьлж-ГIала а йолуш. Цигахь бехаш нохчий бу, Оьрсийчоьнан режимца маршо яккха гIерташ къийсам дIахьош болу".

Цу хьокъехь йолу нохчийн матте яьккхина юьззина текст кхузахь ю.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG