ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Царнаев кестта вуьйр вац, боху Iамеркерчу юристо


Царнаев ЖовхIар, архивера сурт

Бостонерчу марафонехь, адамаш а дойуш, лелхийтарш дина Царнаев ЖовхIар, кестта вуьйр ву аьлла ца хета Iамеркерчу юристана, федералан тIегIанан зулам дина зуламхо вен кхачор Iамеркехь юхаметтахIоттийнехь а. Цу тайпа ойла йолуш ву Marks & Sokolov юридикан фирман партнер, Пенсильвания шататан цIарх сенатор хилла Маркс Брюс.

Хьалхо президентан Трамп Доналдан администрацино дIахьедар динера, дуккха а шераш девллачул тIаьхьа федералан тIегIанера зуламхо вен кхачор юхадолор ду махкахь аьлла.

"Аппеляцин процесс тидаме эцча, гергарчу хенахь Царнаев вуьйр ву олийла дац", - аьлла Маркса, хаам бо Кавказ.Реалиино, РИА Новости агенталлана тIе а тевжаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG