ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Исламан пачхьалкхана" ахча гулдарна чувоьллина Дагестанан вахархо


Ростох, Къилбаседа Кавказан тIеман кхело

Ростох Къилбаседа Кавказан тIеман кхело 17 шаранна колоне хьажийна Дагестанан вахархо Шайхвалиев Керим. Иза бехке лаьрра "Исламан пачхьалкх" тIеман тобанна ахча гулдарна. Цунах лаьцнна хаам бина цу суьдан векало, хаам бо Кавказ.Реалиино".

Талламан версица, 2016-чу шарахь Мангалан-баттахь Шайхвалиевс сацам бина "Исламан пачхьалкхана" ахча лахьо. Дукха хан ялале цо Telegram-хь кхайкхам бина шен банкерчу чоьтана тIе ахчанаш дахка аьлла. Дерриг а Шайхвалиевс гулдина 117 000 сом. Цуьнан 55 000 сом дIадахьийтина цо "Исламан пачхьалкхан" декъашхой чоьташ тIе, хаам бо РИА Новостb агенталло.

Кхелан векало дийцарехь, 2018-чу шарахь дуьйна Шайхвалиев чувоьллина ву 4 шо хан а тоьхна, Шема тIом бан ваха дагахь хилла аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG