ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

2018-чу шарахь 70 миллиард соьмана алсам махбина Huawei компанино Оьрсийчохь


Huawei Technologies компанин директор Вань Чжоу Мэн

Huawei Technologies корпорацин Оьрсийчуьрчу компанино махбеш 2018-чу шарахь даьккхина 132 миллиард сом. ООО "Техкомпания ХIуавэйно" цхьана шарахь даьккхинчу ахчанан барам алсамбаьлла 70 миллиард соьмана. Цу компанина хиллачу цIена пайданан барам бу 3,35 миллиард сом.

Стохка Оьрсийчохь йоьхкинчу смартфонийн терахь а алсамдаьлла цкъа а ца хиллачу кепара. 2018-чу шарахь 30 сов миллион мобилан телефон йоьхкина, 474 миллиард гергга соьмана.

Оьрсийчохь йоьхкинчу Huawei-н смартфонийн дакъа а лакхадаьлла 11% тIера 20% каччалц. И бахьана долуш Китайра компани шолгIачу меттиге яьлла, Iамеркан Apple компани тIаьхьа а юьтуш.

Смартфонаш юхкуш Оьрсийчохь хьалха санна лидер юьсуш ю Къилба Корейн компани Samsung.

XS
SM
MD
LG