ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къаьркъане бирзина нах алсам бовларца билгалъяьлла Москва


Къаьркъа дукха меларна психикаца лазарш гучудовларца билгалъевллачу регионашлахь ю Москва. RT агенталло бина и хаам, Оьрсийчоьнан могушаллин министраллан зерех пайда а эцна. Дахначу шарахь Москвахь чоьте ваьккхина 2, 8 эзар стаг, оццул ву Москван кIоштахь а. Ишта билгалбаьккхинчу пхеа мехкашлахь ю Пермскан а, Челябинскан а кIошташ (2, 4 эзар), Башкортостан (2, 3 эзар) а. Жимма терахьлахара хиларца къастийна Свердловскан (2, 1 эзар) а, Алтайскан (2 эзар) а кIошташ.

Къаьркъа бахьанехь цамгарш йолу наз уггар а кIезиг бу ГIалгIайчохь. Дийнна шарахь цхьа стаг бен вац цигахь тергоне эцна.

Нохчийчохь дахначу шарахь чоьте эцна 59 стаг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG