Стохка аьхка дуьйна Мисарахь лецна латточу ГIалгIайчуьрчу студентийн могушалла цIеххьана эшна аьлла, "Кавказ.Реалии" портале хаамбина, цхьахволчу кIентан хIусамнанас Пугоева Хадижата.
"Могушаллица проблемаш ю сан цIийнден, кхетамчуьра а волу иза, дог лазадаьлла цуьнан", - аьлла зудчо. Цо бахарехь, цуьнан цIийнден а, вукху лецначийн а могушалла талхар уьш ледарчу хьелашкахь латторца доьзна ду.
"Уьш тесна буьтуш бу цу чохь, набахтен куьйгалле дехарш дарх а, уьш хезаш стаг а вац. Юучуьнца бала хьоьгуш а бу цара", - аьлла, билгалдаьккхина Пугоевас.
Ишта цо дийцина, Мисаран Iедалхоша оьрсийн дипломаташ царна тIебитарх а, ши бутт гергга хьалха студентийн дайшна уьш гайтина хиларх а. Хьалхо Мисаран Iедало дихкинера дипломаташна а, лецначийн гергарчарна а набахте бахка.
Маршо Радионо яздира шен агIонашкахь, Мисарарчу исламан Ал-Азхар университетан студенташ Плиев Рамазан а, Чемурзиев Исмаил а, Аушев Илез а, Дзейтов Iела а стохка Марсхьокху-баттахь лецна, набахте бохкарх. Экстремизмалла лелийна аьлла, бехкебо уьш.