Оьрсийчухула Гуьржийчу дуьненаюкъара туристаш эхар 6, 4 проценте лахделла догIу кху шеран байначу баттахь дуьйна. Оршотдийнахь статистикан зераш дуьйцучу презентацехь бина и хаам Къоман туризман администрацин хьалханчас Квривишвили Мариама. Цо дIахьедарехь, стохка аьхка Оьрсийчуьра Гуьржийчу 169, 8 эзар стаг веана, ткъа кху шеран Товбеца-баттахь 159 эзаре охьадаьлла и терахь.
Оцу юкъанна байначу баттахь кеманца Гуьржийчу баьхкинчийн терахь а жимделла хаало (48, 8 %), амма 7 проценте даьлла лаьттахула баьхкинчийн.
Ма дарра аьлча, Дечкен-баттара Товбеца-батте кхаччалц Оьрсийчуьра Гуьржийчу кхаьчна 850, 6 турист. Стохка хиллачу терахьашца дуьстича, 22,1 процент тIекхетта го туристийн терахь.
Байначу беттан 8-чохь дуьйна Оьрсийчоьно дихкина ду Гуьржийчу кеманаш гIиттор. Шайн туроператоршна хьехна цара, Гуьржийчу тураш ма йохка аьлла.
Гуьржийчоьнан экономикан министраллан чоьтаца, туризмехула хинболу болу пайда Товбеца-баттера схьа шо дерззалц лерича 750 миллион долларов хир бу аьлла, дара церан хьесапаш. Оьрсийчуьра туристаш лахбалар бахьана долуш хаъал тIеIаткъам хила тарло оцу гайтамна.