ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Бусулбачийн дозалла" маьждиг схьаделла кечлуш бу Шелахь


"Бусулбачийн дозалла" аьлла, цIе тиллина Европерчу маьждигашлахь а доккха лоруш долу маьждиг схьадоьллуш ду Шелахь кху беттан 23-чохь аьлла, хааме даьккхина Нохчийчуьрчу зорбанаша. 20 эзар стагна ламаз дан таро луш маьждиг ду иза. Кадыров Ахьмадан 68 шо кхочучу денна дIатеттина ду маьждиг схьаделлар.

Оцу бараме кхайкхина ву 43 пачхьалкхера 150 сов хьаша (муфтийш, хьехамчаш министраш). Ишта маьждиг схьадоьллучу дийнахь ван лерина ву 30 сов Оьрсийчуьра хьаша а – Къилбаседа Кавказан регионашкара муфтийш а, лакхарчу доьшийлийн ректорш а, кхечу пачхьалкхашкарчу хаамийн гIирсийн 10 векал а яздо "Чечня Сегодня" агенталло.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG