ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Садулаев Мансур: ГIашсалти бен вац Рамзан


Дмитрий Волчек, Маршо Радио (оьрсийн сервис)

"Еврокадыровхой" Iорабоху нохчийн мухIажирша

"Кадыровна Путина магийначу режимах уьдучу нахана, лечкъа а ца лецкъаш, гIодеш нохчийн боламашлахь тхан юкъаралла бен яц", - боху Садулаев Мансура. Цо Швецехь кхоьллинчу VAYFOND-о накъосталла до мухIажиршна, гулйо Кадыровн Iедало идочу нахах информаци, орцахйолу Оьрсийчоьнан лаамца Европера даймахка хьийсочу махкахошна.

Фондан белхан цхьа агIо ишта ю – "Европехь беха Кадыровн векалш, цунна суждане хIуьтту агIончаш, питанчаш, мотт беттарш лехар, цара муха Iехийна шаьш тIеэцна Европа, хIун аьшпаш буьттуш яьккхина мухIажиран бакъо таллар". И нах Садулаев Мансура а, цуьнан накъосташа а социалан машанашкарчу агIонийн битамашца Iорабоху, цул тIаьхьа шайн сайтехула хоуьйту тидаме эцнарг мила ву, Европерчу низамхошка дIакхачайо царех йолу бакъ информаци.

Нохчийн мигранташлахь бу, шайх дерг лечкъа а ца деш, шаьш Кремлехьа хилар довзуьйтурш а. Гамбургехь вехачу спортхочо Дугузаев Тимура а, цуьнан гоно а, масала, хоуьйту шаьш Кадыровгахьа дуйла, Оьрсийчохь "Толаман Де" олучу Стигалкъекъа-беттан 9-чохь хIоразза а гулло Берлинехь, Оьрсийчоьнан а, "Кадыровн Нохчийчоьнан" а байракхаш а оьций.

Дугузаевс, ша Европерчу нохчаша гезваха волийча, кхайкхам бира цаьрга: шаьш майра делахь, шега юьхь дуьххьал схьаала, Кадыров Ахьмад а, цуьнан воI а нохчийн къам доьхкинарш бу, алий. Садулаев Мансура видео-жоп хьажийра цуьнга, дIахьедира, ша муьлххачу а меттехь кийча ву хетарг дийца, аьлла.

Шех оппозиционер ма ала, ала "нохчийн маршонан агIонча", доьху Садулаевс. 2009-чу шарахь лаьцна, шина шарна набахте хьажийра иза, тIемало ву аьлла. Хан текхна Кировн махкарчу а, Нохчийчуьрчу "Чернокозово" а набахтешкахь.

"2011-чу шарахь аравелира со лаьцначуьра, амма ца кхачийра пачхьалкхан соьца йолу гамо. Сох шайн агент ван гIертара ницкъхой. Ткъа ас "хIан-хIа" аьлча, кхерам тосура: "Хьо тIемало ву аьлла воьллира чу, хьан лаца тIам бац кхин, оха хьох тхайна луъург дийр ду", бохура соьга. Юха-юха тIеэха дезаш хуьлура царна, телефон дIаяйъа йиш яцара, тIевехаре ладегIа дезара даима а", - дагалоьцу Мансура.

КхидIа – мухIажиран некъ, Австри. Ткъа цигахь вийра Кадыров Рамзанан ханехь а лаьттина, Нохчийчуьра ведча, даймахкара Iазап дуьненна довзийта араваьлла, Европерчу адамийн бакъонийн кхеле арздина волу Исраилов Iумар.

2016-чу шарахь Кадыров Рамзана телегойтийлехула дIахьедира: "Итт шо, пхи шо даьлча, шаьш Европера лаьхкича, кхетамчу догIур ду шу, амма оха аш аьллачу хIора дашах жоп доьхур ду шуьга. Суна массо а цигарчу кегийрхойн сайташ евза. Массо инстаграм, муьлхха а фейсбук, аш мел аьлла дош оха дIаяздеш ду. Тхуна дерриг а хаьа шух лаьцна. Цундела ма де шайна зулам".

Амма уггаре халачу хьолехь бара Нохчийчохь беха блогерш. Эвтарара Дикаев Адам ваьхьинера шен инстаграмехула Кадыров Рамзанах кхарда. "Сан тоьлла доттагIа ву президент Путин" аьлла, Кадыровс яьккхина йиш аьшнаш йира Дикаевс. ТIаккха иза карийра, тIера хеча а яьккхина, идийтира тренажер-некъа тIехула, изза йиш юха а лоькхуьйтуш. "Суо лоцур вац моьттуш, ас инстаграмехь хьаштдоцург яздинера. Со схьакарийна, суна тIера хеча яьккхина. ХIинца суна хаьа суо хIумма а йоцийла. ХIинца дуьйна Путин сан да а, денда а, паччахь а ву", - боху Дикаев Адама оцу шена динчу видео-таIзарехь.

Садулаев Мансура а, цуьнан накъосташа а Австрехь гулам хIоттийра Дикаевн агIолоцуш. Цу сахьта кхечира даймахкара "кост".

Германерчу Кадыровн векалца Дугузаев Тимурца къамелдеш ву блогер Абдурахманов Тумсо

Цунах лаьцна Садулаевс ша Маршо Радиона еллачу интервьюхь дуьйцу

– 2015-чу шеран Iай оха Дикаев Адаман а, и санначийн а къа-бала балхош, гулам хIоттийра. Ас цигахь дийцира Нохчийчохь лелачу къизаллах лаьцна. Цул тIаьхьа, бутт хан яьлча, Австрин полицино соьга хаамбира, хьо вен кхачийна Кадыровс, ца хаьа иза кхочушдан ахча схьаэцнарг мила ву, цкъачунна тхо толлуш ду, оха хIьо Iалашван сацамбина, хьоьца ха лелар ду кхидIа, аьлла. Иштта ха хIоттийра сан петарна тIе. ТIаккха кхийтира Австрин Iедал со кхерама кIел вуйла – политикан мухIажиран статус елира суна. ТIаьхьо со Швеце дехьавелира.

– Маца кхоьллина ахь фонд?

– 2016-чу шарахь Полшин дозанехь нохчий гулбеллера, даймахкара бовда арабелла бара уьш, амма тIе ца оьцура Европехь. Оха оцу нехан дуьхьа гуламаш, цхьацца акцеш йолийра. Мацалла лаьттара дозанехь Iачу тхан махкахошкахь. Тхо ахча гулдан дуьйладелира. Дукха бу Европехь Оьрсийчоьно Интерполехула леца кхайкхийна, ткъа Европан мехкаша арабаха хьийзош болу нохчий. Дукха хьолехь тIебаьхьначу бехкан буха дуьллу Оьрсийчоьно, хIара я важа нохчо Шемарчу ДАIИШ-ехь тIом беш хилла, олий. Уьш даима а аьшпаш хуьлу. Амма йоккха харж яр тIедужу хIуманна а бехкевоцчу мухIажирна, адвокат лоцу, юристашкара гIо лоху. ХIинца оха кхачадо тхайн нахана и тайпа гIо. Цомгушнаш а бу дукха, царна а гIо до. Оха тхешан позици лечкъа а ца йо, боху, тхо дуьхьал ду даймахкахь лаьттачу оккупантийн Iедална, цундела даима тхоьца зIене буьйлу мухIажирш. Кадыровна Путина магийначу режимах уьдучу нахана, лечкъа а ца лецкъаш, гIодеш Европерчу нохчийн боламашлахь тхан юкъаралла бен яц. Иштта нисделла юьхьанца сагIадан кхоьллина болу тхан болам бакъоларъен юкъаралла хилла дIахIоттар.

Беларусерчу Полшин дозанехь четарш хIиттийна Iийра нохчийн мухIажираш.
Беларусерчу Полшин дозанехь четарш хIиттийна Iийра нохчийн мухIажираш.

– Цу тIе "еврокадыровхой" – Кадыровн агенташ - Iорабохуш а ма хьийзий шу. Дукха буй иштанаш?

– Йоккха проблема ю иза. Дукха бу, халахеташ делахь а. Уггаре хьалха цара зуламаш дийраш ЕвроБертан мехкашкара мухIажирш бу. Шайна Нохчийчуьрчу Iедало зен дина, олий, тховкIело йоьху цара. Амма еллачул тIаьхьа Нохчийчу лела буьйлало. Дукха хьолехь гучубовлу уьш, Европа ларло царех. Амма иштанаш массо а ца оьцу мехкаша тидаме. Оцу наха зенаш до бухарчу бахархошна а. ТIаккха цIе туьллу массарна а – "нохчийн мафи". Ас ца боху мухIажиршлахь и санна нах бац, амма цара леррина до зуламаш, нохчийн мухIажирш юьхьIаьржа хIитторхьама, кхузара тхо бехкаллин IиндагIа кIел дигархьама. Дукха хьолехь "еврокадыровхой" дIахьийсабо пачхьалкхаша шаьш схьабаьхкинчу Оьрсийчу, амма царна цунах зен ца хуьлу, Кадыровс дика тIеоьцу уьш. Иза ду уьш кхузахь зуламаш дан цакхерар. Кхузахь а Iаш, Кадыровн режим хестайо цара, дуьхьалйоккху нохчашна Европа. И нах сов дукха баьржаш бу кхузахь. Цундела уьш Iора а бохуш, бухарчу Iедалшка царех йолу информаци дIало оха.

– Ахь бахарехь, и нах Кадыровн агенташ бу, мухIажирашка а язлуш, шаьш кхобуьйту-кх цара Европе?

– Иштанаш а бу, кхечу хьесапехь леларш а бу. Цаьргахула вен атта ду кхузахь милла а, уьш кхана киллерш хила кийчча нах бу. Оцу нахана алссам ахча оьшу, иза Кадыровгахь долуш ду. Хала дац Кадыровна кхузахь стаг вен резаберш схьалаха. Амма бу, масала, Кадыровн векалш а, Дугузаев Тимур саннарш. Цара шаьш вуьйр вац стагга а, амма вен некъ кечбийр бу, юкъарло латтор ду. Аьр вай, кест-кеста вогIу Европе "Патриот" – Висмурадов Абузайд, Кадыров Iалашвечу сервисан куьйгалхо. Иза хьан тIеоьцу, хьан машенашкахь лелаво кхузахь, хьаьнгахь буьйсанаш йоху цо? Дугузаев санна болу "векалш" бу цунна хьошалла лелораш. Оцу наха цIе йожайо кхузарчу нохчийн, Iедал цатеша доьлла тхох а, могIарчу мухIажирех.

– Дукха хан йоццуш хьо хьуо а лецира Стокгольмерчу аэропортехь. ХIун дара хилларг?

– Цигахь соьга, со Оьрсийчоьно Интерполан тептаршка язвайтина, элира. Цецваьккхира со оцу хаамо. Террор лелорна а, терроре нах кхайкхарна а бехкево со, бохура. Делахь а, де-буьйса далале листира хьал прокуроро, ца хIоьттира иза гIуллакх кхеле даккха а. Лур вац, элира, Оьрсийчоьнан кара, мукъаваьккхира.

– Стенна ваьллера хьо цунах цец?

– Ас ма-аллара, Оьрсийчоьно террор юллу кхузарчу нохчашна коча, цуьнан бохийла дац Интерполе, тхо нохчийн къоман маршонехьа ду, цундела хIаллакдан деза. Оьрсийчоь Интерполан декъашхо елахь а, оцу хьукмато дIатотту политика бахьана долуш тхо леца кхайкхор. Тхо Интерполе ло, тхаьш террорхой доцийла дехха дийца, дIагайта дезаш хуьлу тIаккха. 2017-чохь Германино сацийра Акуева Амина. Оьрсийчоьно иза тIемалошна гIодина ю, бохура. Аьшпаш бара уьш. Тхан фондо дехха къахьийгира бакъдерг довзуьйтуш. Иза кIелхьаръяккхар оха дуьххьара юьхьаръэцна гIуллакх дара. Тхо туьйлира. Шина шера чохь оха иттех сов стаг паргIатваьккхина террористан цIарах. Таханенна 20 сов стаг ву изза гIо оьшуш. Яккхий харжаш ян езаш болх бу оха бийриг. Делахь а, толуш ду фондан хьал мелла а.

Венехь вийна волу Кадыровн гIаролхо Исраилов Iумар
Венехь вийна волу Кадыровн гIаролхо Исраилов Iумар

– Европера Кадыровн агенташ хьехон болийра-кх вайшимма. Iорабаьхнарш бийцалур барий хьоьга?

Масала, Австрехь цхьа накъост ву, Висмурадов Абузайдна мара а лелхаш, суьрташ даьхна - Цибаев Муслим. Ша мухIажир ву бохуш веха иза. Австрехь нахера хьал дIадохуш леллачу жоьлгийн декъахь иза хиллийла а, оцу бахьаница масситтаза лаьцна хиллийла а хиина тхуна. Хиира, иза кест-кеста Нохчийчу воьду-вогIуш вуйла а. Белгехь "карийна" тхуна иза саннарг – иза нохчашна дуьхьал тIемаш бина ву, ОМОН-ехь хилла шен девешица Газимагомадов Мусаца, мухIажир ваьлла, Белгина аьшпаш а боьттина, шен йоцчу цIарца. Оха иштачу нахах гулйо информаци, дIало иза яла еззаче.

– Кхераме болх бу. "Вуьйр ву-воккхур ву" олий хьоьга и болх цатовчу наха.

Дукха хан ю и тайпа къамелаш тергалдар ас дитина. Кхеташ ду, чIогIа новкъа бу царна тхан болх. Дийр ду дера дерриг а тхо новкъара дIадаха, я Интерполан гIоьнца дIадеха.

– Дукха буй Оьрсийчоьне дIабелла мухIажирш?

Дукха бу. Полшера дIавелира Байдуев Азамат, массех де даьлча лачкъийра Нохчийчохь. Стохка Словакино дIавелира Яндиев Аслан. Украинера дIавелира Тумгоев Тимур.

– Нохчийчуьра уьдучу мухIажирийн могIа бацлуш буй хIинца?

Бацбелла, амма ца бацбелла махкахь хьал то а делла-м. Европе кхача некъаш гатбаларна лагIбелла-кх. Полшин дозане богIу нах, амма цигахь чекх ца бовлало. Тхоьга дукха наха доьху цIера бовда гIо. Амма оцу тIехь тхан бакъо яц цхьа а агIо лелон – иза низамехь дац.

– Хьуо Кадыровн мостагI лорий ахь?

– Кадыров – иза гIашсалти бен вац, цо ша ма-аллара, оккупанташа хаийна иза шегарчу дарже. Миллаа хила тарло цуьнан меттехь. Сан цхьа мостагI ву – Оьрсийчуьра Iедал, Путин. Сан дерриг а бералла дIадаьккхина цо тхан махка кхачийначу тIамо: 8 шо дара сан "хьалхарчу тIамехь", 13-14 шо - "шолгIачу тIамехь". ХIетахь дуьйна, сан кхетамехь, оккупацехь бу тхан даймохк. Оццул жима воллушехь, сох а "вира" Оьрсийчоьно тIемало, набахте кхоьссира. Сан 14 шо дара оьрсийн эскаро сан да вийча, бомбанех лечкъина шен цIахь Iашшехь. ТIом безаш ца вахара со, беран тIорз, тIом бан – сайн мохк бара мостагIчо багош, хIаллакбеш. ТIелеттачунна дуьхьалхIоттар ас нийса некъ лору. Ас сайн къам маьрша хиларх хьоьгуш дира айса мел динарг.

– Хьо бер ма дара оцу хенахь...

– Дара, в 1999 шарахь сан 14 шо бен ца кхаьчнера, ас тIемалошна информаци лора, сайга далуш долу гIо дора. Амма кхетта хIинца, нохчаша бита беза тIемаш, дукха хIаллакьхилла тхо, политикан некъаца леха еза маршо. Ца оьшу лета – митингаш, демонстрацеш, дуьненна тхешан бакъо дIагайтар, пресса - иза бу тхуна буьсу некъ.

–Кадыров гIашсалти бен вац, боху ахь, ткъа цхьаболучийн бIаьргаш чохь политик ву иза. Цунах кхоьру Путин, дан хIума дац, олу…

– Уьш ловзарш ду. Леррина хоьтуьйту нахана ишта. Со тешна ву, Путина ша хьоьхуш а ю и кеп. Кадыров Оьрсийчоьнан векал, губернатор бен вац. Амма цо шен багахула кхерамаш туьйсу Iамерканна, Гуьржийчоьнна, Туркойчоьнна, Украинина. Путине сихха сацалур вара иза. Цкъа Кадыровс ша а эккхийтира махкарчу телехьожийлехула: ша кIеззиг а галваьлча, шега Кремлера телефон тухур ю, эр ду, ахь хIун леладо цигахь, саца. Аьлча а, цо ша боху, Кремлера пурба доцуш, ша цхьа а гIулч ца йоккху. МоттаргIанаш ю ерраш а: Путинна, цкъа, цхьана заманахь, шега халкъо жоп дехча, ала ду, гой шуна, иза, Кадыров, маьрша вара шена луъург лелон, цуьнгара деха жоп! Ца воллу со Кадыров дашо ву ала, амма дац дерриг а зулам Кадыровгара схьадоладелла – Путин ву цунна тIехьа сема лаьтташ.

– Хийцам хир бу аьлла ца хета хьуна?

Кеста дерриг а шашах керчар ду, Путин лийр ву я хийцалур ву, олу наха. Иза харц ойла ю. Оцо Кремлна магадо массо а, тахана санна, къизаллехь кхаба. Ца деза садетта, гIуллакхаш дан деза, дикачунна тIе къахьегча бен ца кхочу.

Политикан тутмакхаш набахтешкара арабаха аьлла хIоттийначу Стокголмерчу митингехь
Политикан тутмакхаш набахтешкара арабаха аьлла хIоттийначу Стокголмерчу митингехь

– Иштачу хийцамашна лидер оьшу, Дудаев ЖовхIар саннарг. Вуй и тайпа хьалханча?

Ца го суна цкъачунна. Ишта лидер кхианза ву. Хан оьшу, массех шо оьшуш хила а мега, я кхин а алсам. Абдурахманов Тумсо – веккъа и цхьа стаг го суна таханенна лидер хила таро йолуш. Амма цо шена ца еза политика, боху, блогер хилла виса лаьа олу. Нохчий цкъачунна бекъабелла бу. Милла а юкъаваларх, ца теша цунах нах. Дац бехк буьллийла: хийла тоьлла къонах араваьлла, тIаккха цо Iехийна тхан халкъ…

– Нохчийчу гIертий хьан са? Я Швецера комфорт тоьлу?

Делора, са ма гатдо ас! Иза сан дайн латта ма ду, со кхиина мохк ма бу, цундела ма олу оха цунах "даймохк". Ца гуш хан мел йолу а хала ду суна. Амма цхьаммо а ца аьлла, атта хир ду. Ца хуьлу къийсамехь атто, къаста везаш нисло хийла диканах, садетта деза. Къурано боху: лайначу халоне хьажжина хир ю тIаьхьайогIу атто.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG