ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Набахтехь таIзар токхучу Тумгоевна кхи а хан тоха гIерта


Кхи тIе а хан тоха кхерам хIоьттина "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанхойн декъех хилла аьлла, 18 шо хан тоьхначу Къилба ХIирийчуьрчу Пригородный кIоштара схьаваьлалчу Тумгоев Тимурна. "Кавказ.Реалии" портале бина цунах хаам цуьнан йишас Тумгоева Маринас.

"ДаIишхошца дина къамелаш тIехь долу телефон тосур ю шаьш, кхи а хьуна хан тохийта аьлла цуьнга", - билгалдаьккхина зудчо. Цо бахарехь, Ростов гIаларчу лоьмар 1 йолчу СИЗО-н администрацино тIеIаткъамбо цунна, иза маж жимъян дуьхьал хиларна.

Цуьнца набахтехь болчаьргахула хиъна шена боху Маринас, администарцино шена туьйсу кхерамаш бахьана долуш Тимура пхенаш хедийнера аьлла а.

Гергарчаьрга дIахаийтина Тумговес, шена кхерамаш туьйсурш СИЗО-н белхахой Ерошенко Николай а, Гурьянов Максим а, Князев Дмитрий а ву аьлла. Къилбаседа Кавказан тIеман кхело шена динчу таIзарна латкъамбина, цунна жоп лардеш ву Тумгоев Ростоврчу набахтехь.

Лоьмар 1 йолчу СИЗО-хь тIе а ца дитина, йа бакъ дац а ца аьла, Тумгоевс шена чевнаш яр.

2014-чу шарахь Оьрсийчуьра дIавахначул тIаьхьа Туркойчохь ваьхна Тумгоев. Ткъа 2016-чохь Украине кхаьчначул тIаьхьа лецира иза, Интерполо лоьхуш ву аьлла.

Ша лаьцначуьра маьршаваьккхинчул тIаьхьа Украинан Малхбалехь сепаратисташна дуьхьал тIемашкахь хилира Тумгоев, шайх Мансуран цIарахчу нохчийн батальонан могIаршлахь. Ткъа Украинан прокуратурано бакъ дац иза бохура.

Стохка, 2018-чу шарахь, Гезгамашин-баттахь Украинан инарла прокуратуран сацамца, Оьрсийчоьне дIавелира Тумгоев. 2019-чу шарахь Ростов гIаларчу Къилбаседа Кавказан тIеман гонан суьдо 18 шо хан туьйхира Тумгоев Тимурна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG