ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

 "Оха Нохчийчохь тIом беш мичахь дара шу?.."


Тераллаш юй-те Москох дуьхьалонан акцийн Къилбаседа Кавказерчу митингашца, ткъа хьаьнца къуьйсуш ю Росгварди?

Нийсонца харжамаш дIабахьар доьхуш Москох хиллачу дуьхьалонан акцеша луьра Iаткъам лайра полисхошкара. Марсхьокху-беттан цхьана 3-чу дийнахь, "ОВД-Инфо" зорбанан гIирсо бинчу хаамца, лаьцнера 1001 стаг.

Митинге баьхкинчу нахана дуьхьалбевллачу Росгвардин эскархойн командирех цхьаммо Iоттар йира царна "и кIентий (буьйцурш ницкъаллин структурийн белхахой бу) шун дуьхьа Нохчийчохь тIом бина бу, шу (дуьхьалонан акцин декъашхой) диванашна тIехь бохлуш Iохкучу хенахь" аьлла.

Делахь а социалан машанех пайдаэцархой эргIадбахийтинарг дацара Iедалан векалша бахархой шайн а, нехан а аьлла бекъар, царна цатайнарг яра дуьхьалонан акцеш охьатаIош гайтина къоршамалла: хIинццалц церан "кавказхошна" тIехь динарг хIинца динера "вайн" Москох бахархошна тIехь.

Шайн агIор Къилбаседа Кавказерчу бахархоша митиган декъашхошна етташ яьхна видео а яржош цецбовларца хеттара, Кавказера нехан цу акцешца цхьа а юкъаметтигаш йоццушехь Оьрсийчоьнан бахархой шайх хIунда кхерабо, бохуш.

Ткъа тера юй Москох хилла митингаш регионашкахь хуьлучу акцех, ша аьлча, Къилбаседа Кавказехь хуьлучарах, баккъалла а хаьаьнца тIом беш ю Росгварди? Кавказ.Реалиино и хаттарш делира эксперташка.

Оьрсийчуьра дуьхьалонан акцеш, коьртачу декъана, жоп ду меттигерчу проблемашна луш долу, хета конфликташ ца хилийтаран центран директорна Сокирянская Екатеринина.

"Суна ца хета Москох хилларш зIенан реакци яра аьлла, хьалхо кхечу гIаланашкахь хиллачу акцешна. Оьрсийчоь лестаран хенах чекхйолуш ю. Бахьана даьлла Москох, цигахь хилла дуьхьалонан акци. Москох бахархойн дуьхьалхиларан бух мелла а хьуьнаре бу, жигара бу, алсам бу, билгалдоккху Сокирянскаяс.

Росгвардин белхахоша Нохчийчохь хилла тIом хьехор тоьшалла ду уьш синӀаткъаме бозуш хилар шаьш цигахь лелийначух, тIетуху бакъонашларъярхочо. Масала, полицехь адамашна тIехь Iазап латтор а, кхин тайпа ницкъ бар а алсамдаьлла ерриг а Оьрсийчохь, ницкъаллин структурийн белхахоша иза нохчашна тIаьхь лелийна хиларна.

"Ас берш дуьхьалонан акцин декъашхошна чхьонкарш йиттинарш эр дацара, амма Нохчийчухула чекхбевлла Оьрсийчуьрча тайп-тайпанчу гIаланашкара чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан белхахой. Цигахь 10 сов шарахь ротацин кепехь гIуллакх деш хилла хиларна, уьш дика Iаьмма бахархошна ницкъ бан. Цу шайн зеделлачух пайда оьцуш бу уьш шайн гIаланашкахь. И ша схьаэцна стаг, гарехь, дозалла деш волчух тера ду, шен биографехь нохчийн фактор хиларна. Цундела Москох бахаршка дуьйцу цо цунах лаьцна, цу кепара ша царна битам бийр бу моьттуш, дуьйцу Сокирянскаяс.

Iамеркан коьртачу гIалахь Вашингтонехь йолчу Стратегин а, дуьненаюкъара а талларийн центран лаккхара хьехамча ву Соколов Денис. Цо дийцарехь, цу дуьхьалонан акцийн массеран а цхьа объект ю, церан декъашхой реза боцуш йолу – шена оьшург бен кхин лаам боцу, цхьаьнна а лаам тидаме оьцуш йоцу, ницкъаллин структурийн белхоша чIагIйеш йолу Оьрсийчоьнан Федерацин поликан класс.

"Конституци царна доккхачу декъана гIирс бу, шайн хьашташка кхочуш пайда эца мегар долу, низам дац лардан дезаш долу. Уьш ницкъаллин структураш хилла ца Iа, иза бюрократи ю. Ткъа ницкъаллин структурийн белхахой цу бюрократехь коьрта ницкъ хуьлуш бу. Оццу хенахь социолого билгалдоккху Оьрсийчуьрчу регионашкарчу дуьхьалонан акцийн тайп-тайпана чулацам хилар.

Соколовс чIагIдарехь, ГIалгIайчохь хилларг гIалгIайн халкъан суверенитет ларъяр дехар дара, цундела Евкуровн шен даржера дIавала дийзира, хIунда аьлча, шен халкъана тIехIоттаран метта иза ямартхилира цунна, Москохарчу бюрократин лаам кхочуш беш.

Москох дуьхьалонан акцеш политикан ю, уьш кхин чулацам болуш ю, цуьнан декъашхой дуьхьал бу мэрин а, Оьрсийчохь карарчу хенахь кхоллалуш йолчу керлачу социалан тобанан а тептарна тIехь боцчу нахана политикан дахарехь дакъалацар дехкарна, боху социолого.

Нохчийчохь шайна зеделларг а хьехош, шаьш социалан тоба хилар чIагIдан гIерташ бу ницкъаллин структурийн белхахой, аьлла хета Сколовна. Цо дийцарехь, урамашка арабевлларш, ницкъаллин структурийн белхахошна шайн хетачу пачхьалкхехь, цхьа а бакъо хила езаш йоцу нах бу.

"Хьо герз карахь вацахь – цхьа а бакъо йоцуш ву. Пачхьалкхан телевизионашкахь сих-сиха хьехочу 1990-чу шерашкахь хиллачух тера ду иза: карахь герз долчу стагана моттара шен бакъо ю нехан бахам схьабаккха. Изза хуьлуш ду хIинца а. Криминалан тобанашна юкъахь хиларо цу хенахь бакъо лора цу криминалан тобано Iуналла дечу территорина тIехь хуьлучух дакъа кхача. Ницкъаллин структурийн белхахоша хIинца дуьйцуш долчух тера ду иза, цара тIеман конфликтехь дакъалаьцна Нохчийчохь, церан карахь герз ду, цундела уьш бакъ бу", - дуьйцу социолого.

Соколовна хетарехь, дуьхьалонан акцешна гонаха хуьлучо радикалан новкъа йоккха ши а агIо – юкъаралла а, ницкъаллин структурийн белхахошкалу пачхьалкх а.

Мохк шина декъе бекъабелла. Цхьа дакъа ду ницкъаллин структурийн бюрократи, ткъа важа – юкъаралла. Гарехь, и ши дакъа юхадерза оьшучу меттигах тIехдаьлла, ткъа мохк юхацхьаьнатоха, лаххара а Путинан режиман ницкъ тоьар бац, цуьнан цу кепара гIирсаш бац, хета Соколовна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG