Оьрсийчоьнан президенте Путин Владимире телефон а тоьхна, Донбассерчу сепаратисташна тIеIаткъам бар дехна Украинан президенто Зеленский Владимира. Украинхойн эскаран буьйранчашца кхеташо дIаяьхьначул тIаьхьа ша хаамбина Зеленский хиллачу къамелех.
Шинаридийнахь сепаратисташа герзаш диттина виъ украинхойн салти вийча, цIеххьана вовшахтоьхнера Зеленский буьйранчашца цхьанакхетар.
"Ас Iуьйранна къамел дина Путинца. Эскархой байарца машаре кхачор дац вай боху ас цуьнга. Ас дехар дина цуьнга, оцу агIонна цхьа тIеIаткъам а бай, тхан нах бойучуьра совца аьлла", - Зеленскийн дешнаш далийна "Украина" РБК-с.
Мангал-беттан 21-чу дийнахь Украинан малхбалехь маслаIат кхайкхинера. Амма хIетте а конфликтан шина а агIоно кхийсарш ярна вовшашна тIе бехкаш дохкура.
Регионехь ситуаци марсаяларна белхан хьокъехь Туркойчу вахар юкъахдаккха декхаре хир ву ша аьлла, дIахьедина пачхьалкхан куьйгалхочо. Ишта гергарчу хенахь Донбассерчу хьолах лаьцна дийцарш дIадахьа лерина ву ша аьлла цо Францин президентца Эммануэль Макронца а, Германин канцлерца Меркель Ангелца а.
Цкъачунна Кремло комментари йина яц Путинан а, Зеленскийн а хиллачу къамелех.