ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Оьрсийчоьно вен мега сан ваша"


Билалов МаIаз

Нохчо Украинехь хилла цо шен даймахкахь нах бийина бохучу хенахь

33 шо долу Илаев Амхьад лаьцна кхаба магийна Украинерчу Харьковн аппеляцин кхело кху беттан 2-чохь. И де тIехIотталц шен чуьра аравала дихкина вехара иза.

Нохчо Оьрсийчоьно бехкево 2009-чу шеран Марсхьокху-беттан 17-чу дийнахь Соьлж-ГIалина уллерчу Первомайски юьртахь пхи стаг вуьйш дакъалаьцна хиларна. Амма Илаевн адвоката чIагIдо, юьйцучу хенахь иза а, цуьнан жимахволу ваша а Укранехь вара, бохуш.

ХIинца Илаев Амхьад лацаро гойту Украина иза Оьрсийчоьне дIавала йоллийла. Бакъду, низамца а догIуш, 10 батте яла мега процедура. Оццул хан ло цигахь урхаллашна стаг кхечу пачхьалкхе дIавала кечвеш.

Пхи бутт хьалха лецира Харьковрчу полицино Илаев, амма дIахийцира (гуш ма-хиллара, ханна). Шена тховкIело ялар дийхира цо мукъаволлушехь. Ткъа кхело цIера аравала доьхкуш бира сацам.

Илаев Амхьадна Украинехь ваха магор доьхуш, цунна орцахбевлла хьийза Лакхарчу Радин депутат Iийна Линько Дмитрий а, махкарчу бусалбанийн ассоциацин хьалханчаш а, амма ла ца дугIу хьукматаша.

Илаев Амхьад Интерполехула лаца кхайкхош, лехаме велла Оьрсийчоьно кхушеран Чиллан-баттахь, 20-чу дийнахь, ткъа Украинан Iедало цкъа лоцуш, тIакха дIахоьцуш, кхаба волийна иза цул тIаьхьа кхо кIира даьлча.

Зазадоккху-баттахь интернетехула къамел даржийна Амхьадан вашас Илаев Имама. Шен пхи ваша вийна, ялхалгIачух ма ваккхахьра ша, доьху цо Украинерчу Iедале. Цо дийцарехь, Нохчийчуьрчу "хьалхарчу тIамехь" кхелхина ИлаевгIеран воккхахволу ваша. "ШолгIа тIом" болалуш рогIера ваша вийна. Ткъа 2008-чохь кхо ваша цхьана лачкъийна, хан ялале вийна карийна.

Илаев Имамца къамел хилира "Кавказ.Реалиин". Иза а ву Укрианехь. Шайн кхо ваша цхьана дийнахь вийча ведира шаьшшиъ даймахкара, боху цо. Ткъа висинчу вешина, Амхьадна, иза декъахь хилла аьлла, бехкедина зулам шаьш Украинехь а долуш дина, чIагIдо Имама. Ша далочу тоьшаллина тIехIитта болчу украинахойн цIерш а йоху цо.

2008-чу шеран ГIуран-беттан юккъерчу деношкахь ши ваша Украине вар тIечIагдо пачхьалкхан дозанхоша шайн тептаршкарчу йозанца. Вежаршна хIеттехь махкахь кхаа баттахь ваха елла бакъо гойту кехаташ а ду цаьргахь. И дерриг а талла, хьал ма-дарра довза хала дац Украинан Кхерамзаллин Урхаллина. Илаев Амхьада Нохчийчохь дина боху зулам иза Украинехь веха ах шо сов хан яьлча дина хилча муххале а.

Илаев Имам тешна ву шен ваша, Амхьад, Оьрсийчоьне дIалахь, цигахь хIаллаквийриг хиларх. Цунна гарехь, Нохчийчуьра Iедал Первомайскехь дина зулам Амхьадна тIехьарчо гIерта.

Украино тIаьххьарчу шина шера чохь Оьрсичуьра дуккха а мухIажираш дIахьежийна, цундела боккха кхерам лаьтта Илаев Амхьадна тIехь. Масала, байначу баттахь Ростовхь 18 шо хан туьйхира украинахошца цхьаьна Донбасссерчу сепаратисташна дуьхьаллаьттина волчу Тумгоев Тимурна - лурчах дIавеллера иза Украино Оьрсийчоьне.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG