ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Бусалба республика Дагестан" – чекх ца яьлла проект


Саидов Тимур

1999-чу шарахь Кебедов Бахьавдин коьртехь волу салафийан тоба дагахь яра Дагестан Оьрсийчоьнах мукъаяккха

Дагестанера хьал талхийра 1999-чу шеран Марсхьокху-баттахь чуяхначу нохчийн тIемалойн тобанаша, олу хийлачо. Иза бакъ дац. Лулахойн махкара тоба Дагестане яха дагахь а йоцчу заманахь болийра дагестанхошларчу жигархоша шайн республика Оьрсийчоьнан юрисдикцера йоккху болам.

Аьхке тIекхочучу ханна Дагестанерчу салафийаша шайн Iамораш дIакхоьхьура Нохчийчохь – Эвтарахь, Хьалха-Мартанахь, Iалхан-ГIалахь. лечкъош яцара Iалашо а: " Бусалба пачхьалкх Дагестан" дIакхайкхор.

Гуш дара бахархой реза боцийла Оьрсийчоьнна дуьхьалбовла

Iалашо кераюккъехь санна гуш яра. Дагестанерчу салафийан тхьамдас Кебедов Бахьавдина "Дагестане хьижрат" дан деза, Оьрсийчоьнах маьршабаккха беза даймохк, бохура шен махкахошка. Цунна моьттура, ша гучуволлушехь, ерриг а Дагестан хIуттур ю шена тIаьхьа. Цу тIе, и тешна вара, ша "Нохчийчоьнан а, Дагестанан а конгресс" кхоьллинчу лидерех хилча, шен бакъо ю Дагестанерчу бусалбанех жоп дала.

Дагестан яккха бахначийн декъахь хилла суьйли Мохьмад (цIе хийцина ю). Иза реза хилира "Кавказ.Реалиица" цхьаьна 1999-чу шеран болам дагалаца. Цо бахарехь, "Кебедовс шена хетачух тешийра шен го а, нохчийн тIемалойн дакъа а дагестанхой лахьабелла шена тIаьхьахIуьттур бу, Ичкери а санна, Дагестан Оьрсийчоьнах дIакъаьстар ю бохучух.

Мохьмада хIоттош долу сурт ишта ду: Оьрсийн ханех лечкъаш, гуьржийн лаьтта тIе а буьйлуш, дIаиихира Дагестанера муджахIидаш шаьш дагалаьцна карчам бан. ТIеIитталучу Оьрсийчоьнан дозанхошна я ахча, я къаьркъа делча чекхбовлуьйтуш хилла.

Цуьмадан кIошта дIакхаьчначу махкахошка-тIемалошка гома хьийса боьлла бахархой. Кебедовн тоба кхетт ша шайн баьччас тилийнийла, нах кийча боцийла кара герз эца, "Оьрсийчоьнера шайн мохк баккха" реза боцийла.

ХIинжа-ГIалара а, БотIлихера а еъначу милицех деккъа шайн лата дезна муджахIидийн – дукха ца хIиттина церан могIаршка бухара бахархой. Ткъа Кебедовс уьш эзарнашкахь хир бу баьхнера.

Оьрсийчоьнан эскархошна кхача луш ю дагестанхо, 1999 шо
Оьрсийчоьнан эскархошна кхача луш ю дагестанхо, 1999 шо

Мукъадовла гIерташ лиэтачу къаьмнашна ша гIодан деза моьттура Басаевна

"Дагестан мукъаяккха" бахначу нохчех ву Рамзан. Иза ца кхета, стенна дуьйцу, "нохчийн бIо Марсхьокху-беттан 7-чу дийнахь Дагестанна чубаьржира", бохуш. Шайн тоба Дагестане кхин а хьалха яхара, боху цо. Цунна хетарехь, 7-гIачу дийнахь БотIлихехь милцошца хилла дуьххьарлера тIематасадалар ду юьхьалоьцург. Ткъа тIемаш-м Дагестанехь беттан юьххьехь дуьйна а бара лаьтташ, боху цо. Рамзан бакъвеш бу республикан Пачхьалкхан Кхеташоно оцу муьрехь арахецна сацам а – оцу документо гойту Марсхьокху-беттан 2-чу дийнахь ЦIумадан кIоштахь тIом боьдуш хиллийла.

​Юьйцучу хенахь Москох Нохчийн Республикан Ичкерин Инарла векал вара Вачагаев Майрбек. Цо а чIагIдо, Дагестане бахначу тIемалойх 99% тешара шаьш, бухарчу къаьмнаша орцах а кхайкхийна, арадевлла.

Шаьш дIа ма-баххара, шайлахь лела низам а лардеш, ши де-буьйса даьлча Дагестанера юхабаьхкира нохчий. Уьш цIаберза сихбинарг дара царна шаьш бухарчу бахархошна оьшуш цахилар гучудалар, уьш Оьрсийчоьнах дIакъаста хьаьгна боцийла гар.

Дагестанерчу тIемашкахь йохкучу ярташка биссинарш Басаевн бIахой бара. Цуьнан куьйга кIел боцу баьччанаш, шайн тобанаш а эцна, сихха цIабирзира Масхадов Аслана динчу омрица, цара я дакъа а ца лецира тIемашкахь.

Кебедов цецваьллера шена "цIеххьана" дайначух – ца моьттура цунна дагестанхоша ша тIеоьцур вац, тешна вара, гIоттур ю ерриг а Дагестан. Сиха ведира иза Оьрсийчуьра – кхийтира шена дагестанхой къинтIерабевр боцийла.

Басаев Шемал а, Масхадов Аслан а. Нохчийчоь
Басаев Шемал а, Масхадов Аслан а. Нохчийчоь

Бакъ дац Масхадов Аслана бехк ца биллира "Дагестан яккха" бахначарна бохург

Ичкерин президента Масхадов Аслана ур-атталла бехк а ца биллина Дагестанна тIелаттачу салафийашна, чIагIдора Оьрсийчоьнан Iедало. Амма Масхадовс шогга емал а бина, цуьнан омра кхочушдеш юхабаьхкира Дагестане бахначу нохчийн тIемалойх дукхахберш.

Ичкерин президента шен Оьрсийчуьрчу инарла векална тIедиллира Дагестанан Пачхьалкхан Кхеташонан куьйгалхочуьнца Магомедалиев МохьмадIалига вист а хилла, юкъахь Дагестане бахначу нохчийн тIемалошна ден долу таIзар къастор. Векало кхочушдира Масхадовс аьлларг: къастийра шина мехкан куьйгалхо вовшахкхета де. Амма Москвано тIаьххьара сахьташ дуьсуш юкъахдаьккхира Магомедалиевн а, Масхадовн а цхьаьнакхетар.

Путин Владимир БотIлихехь, дагестанхочунна совгIатдеш, Дагестан. 1999 шо
Путин Владимир БотIлихехь, дагестанхочунна совгIатдеш, Дагестан. 1999 шо

Ичкерин президента леррина дIахьедар даржийра Дагестане бахначу тIемалошна бехкбуьллуш, элира, ша кийча ву Кремлца дийцаршка ваха. Ткъа Москох тIе ца ийцира барт – Нохчийчоь тIамца човхон еза, бохура цигарчу хьаькамаша. Иштта гучуделира Оьрсийчоь Ичкерина тIелата лерина юйла, нохчийн мохк юхадолаэца дагахь юйла.

"Бусалба республика Дагестан" – иза Кебедов Бахьавдинан проект яра. 1999-чу шаран гурахь иза кхочушъян а гIоьртира дагестанхойн-салафийан баьчча. Хиллачух бахьана а даьлла, Нохчийчоьнна тIелетира Оьрсийчоь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG