ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыров Ахьмадна а, имам Шемална а юкъарчу башхаллех дIахьедина Абдурахмановс


Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана имам Шемал емалвинчул тIаьхьа нохчийн блогеро Абдурахманов Тумсос комментари йитина. Оьрсийчоьнна дуьхьал ша тIаме кхайкхинчу нахана ямартваьлла, Оьрсийчоьнехьа вирзира хьан да аьлла цо. Ткъа Дагестанан муфтиятан а, нохчийн куьйгалхочун а къовсам шина къомана юкъа цим тасар ду аьлла хета блогерна.

19-чу бIешерашкахь Оьрсийчоьнна дуьхьал къийсам латтийна имам Шемал хьахош аьллера Кадыровс: "Оха лору Шемал Iеламча санна, амма хаа лаьара, Нохчийчохь ша 19 шо хан йоккхучу заманчохь стенна бина цо Оьрсийчоьнна дуьхьал тIом, тхан мохк а, къам а хIаллакдеш. Ткъа Дагестане юхавеана биъ бутт баьллачул тIаьхьа кара а вахна, эла хилла цунах. Кхи хIун эр ду цунах, Нохчийчоьнна а, нохчийн къома дуьхьал а террор иза дацахь?, - аьлла, дIахьединера Кадыровс.

Шен YouTube-каналехь зорбане яьккхинчу 9 минотехь йоьдучу видео тIехь блогеро Абдурахмановс боху: "Хьан дас а ма дина изза. Цо нохчашка кхайкхамбира, Оьрсийчоьнна дуьхьал гIазотан тIаме арадовла бохуш. Ткъа тIаьхьо кара ца вахара, шен лаамехь Оьрсийчоьнехьа дехьа а ваьлла, шен хиллачу накъосташна дуьхьал велира. Оцу къийсамехь Оьрсийчоьнан Турпалхо аьлла, седа а белира цунна. Хьалха луш хилла элан титул хIинца лелаш яц, цуьнан метта юкъаяьккхина Турпалхочун мидал. Ткъа хIинца хьо ву, хьайн дех бисина ямартхочун некъ дIахьош", - аьлла, дIахьедина Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнга Абдурахманов Тумсос.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG